Архив рубрики: Известные личности

Амаев Саламбек

Амаев Саламбек Салманович род. 07-01-1951 г. С марта 1995 года начальник штаба коммисариата ЮГФ(Ачхой Мартановский, Урус Мартановский, Сун женский районы), Военный комендант г. Урус-Мартан с 03-1995 по 01-1997 гг. Полковник ВС ЧРИ. Кавалер ордена Къоман Турпал.

Нохчийн халкъан поэт

(Нохчийн Республикин халкъан поэтан Абдулаев Лечин 65 шо кхачарна лерина) Да ваьлла ца волуш,Да вала ца вуьтуш,Ког хецна ца болуш,ТIам баржо ца кхуьуш,ГIамарлахь хIу санна,Овкъарлахь суй санна,Бихкина Iилманна,Бихкина иллина,Iиллина биллина,Биллина Iиллина… Ша схьаваьллачу нохчийн къомах а, цуьнан башхачу маттах а дог лазарца яздина ду Нохчийн махкахь а, дозанал генна арахьа а дика вевзачу поэта Абдулаев… Читать далее »

Абдулаев Леча

Мехкан политикин дахарехь баккхий хийцамаш хуьлуш, чолхе деанчу 1990-чу шарахь, Ю.Айдаевн меттана, «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор чIагIвира республикехь дика вевзаш волу яздархо, поэт Абдулаев Леча. Редакцехь цо шен болх дIаболийра цхьамогIа хийцамаш барна тIера. Газетан агIонаш тIехь ма-ярра йийца йолийра вайн истори, вайн къоман бакъ болу турпалхой, царна юкъахь иштта вайн эвлаяаш а, устазаш… Читать далее »

Къоман бохамах дуьххьара тептар яздинарг

Нохчийн къоман 1944-чу шеран 23-чу февралехь хиллачу инзаре боккхачу бохамах – дерриге а халкъ махкахдаккхарх, 1980-чу шерийн чаккхенехь, махкахь перестройка дIайолаелча, уггаре а хьалхара тептар яздира, шен заманахь гIараваьлла вевзаш хиллачу яздархочо Абдулаев Зиявдис – «ЦIерш гIиттар» цIе йолу повесть. Оцу бохамах йолу шолгIа книга – «ЦIунаш хIаллакбар» боху роман – цо арахийцира 1992-чу шарахь. Суна дагадогIу «ЦIерш гIиттар» цIе йолу повесть дуьххьара зорбанера араяьлла денош. Исторехь а, дахарехь а… Читать далее »

Окуев Шима дуьнен чу ваьлла 80 шо кхачарна…

Нохчийн гIараваьлла яздархо, поэт, СССР-н Яздархойн союзан декъашхо Окуев Шима (1937–1986-гIий шш.) дуьненчу ваьлла 80 шо кхачарна лерина даздарш дIадаьхьира лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь Нохчийн къоман театрехь. Театран хьажархойн залехь гулбеллера искусствон а, культурин а векалш, Iилманан белхахой, яздархой, поэташ, Хьамидан Шимин гергарнаш, цуьнан кхолларалла езархой. Безачу хьешийн могIарехь Россин Яздархойн союзан секретарь Голубничий… Читать далее »

Мусаев Iалавдин – 60 шо

Дукха хан ю Мусаев Iалавдин цIе вайн махкахь а, дозанал генна арахьа а евза. Лакхарчу даржашкахь болх баро а, алссам сийлаллин цIерш а, даржаш а хиларо а вовзийтина вац иза. Цо динчу диканаша вовзийтина. Цуьнан башхачу синан шорталло а вовзийтина. КIеззиг болх ца бина Мусаев Iалавдис вайн махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн структурашкахь. МогIарерчу милцочун даржера… Читать далее »

Саралиева Табарк

Махка бохам беача, дена, вешина, цIийнадена юххе хIоьттина, тIом бан, шеца кхин накъост воцуш, шех тешна доьзал бисича, кхечу дуьнен тIе яхана я лаьтта бухара цунна рицкъ лаха, шен цIийнада деэшна, кIелвисича, иза а, доьзал а, олуш ма-хиллара, дукъ дIакхехьа хьуьнаре болчу нохчийн зударех цхьаъ ю Саралиева Табарк, республикехь дика евзаш йолу журналист, публицист, газетан… Читать далее »

Дагахьбалламе воккхавер

хилла дагахь дисина Маргошвили Султанна цкъа мацах ша шен йишина орцахвалар 1962-чу шеран гурахь дара иза. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь заочни кепара деша а хIоьттина, Нохч-ГIалгIайн мохкбовзаран музейхь болх беш вара Султан. 30 шо а кхачаза, гIеметтахIоьттина жима стаг вара иза хIетахь. Цхьана суьйранна тIаьххьа почтальон веара телеграмма йохьуш. Кхоэ бацара… Читать далее »

Нохчийн воккха яздархо – вайн дахарехь

Мамакаев Мохьмадан – 105 шо Дуккха  а  зама дIаяьлла Мамакаев Мохьмадах  лаьцна сайн эгIаза дош ала суо охIла ца хеташ со Iаш йолу. ХIинца а сайх бIобулуш а ца йолаелла со. Амма сан а, сан хенарчийн а бералла воккхачу яздархочун говзаршца дIаяхна хиларна а, тахана уьш еша а, царах дош ала а охIла берш  кIезиг… Читать далее »

Iаламна а дазделлера-те цунах къастар?..

Карарчу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Нохчийн Республикин литературин юкъаралло билгалдоккхур ду нохчийн цIеяхханчу поэтан, прозаикан Окуев Хьамидан Шимин 80 ша кхачар. ХIокху шеран асаран (июнь), мангалан (июль) беттанашкахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленис а, Нохчийн литературин гIолацаран гIоьналлин фондо а цхьаьна дIадаьхьира оцу юбилейна леррина долу хьалхара гIуллакх – яздархо винчу денна лерина литературин конкурс.… Читать далее »