Нохчийн халкъан поэт

(Нохчийн Республикин халкъан поэтан Абдулаев Лечин 65 шо кхачарна лерина)

Да ваьлла ца волуш,
Да вала ца вуьтуш,
Ког хецна ца болуш,
ТIам баржо ца кхуьуш,
ГIамарлахь хIу санна,
Овкъарлахь суй санна,
Бихкина Iилманна,
Бихкина иллина,
Iиллина биллина,
Биллина Iиллина…

Ша схьаваьллачу нохчийн къомах а, цуьнан башхачу маттах а дог лазарца яздина ду Нохчийн махкахь а, дозанал генна арахьа а дика вевзачу поэта Абдулаев Лечас и дешнаш.

Бераллехь дуьйна нохчийн маттах марзо оьцуш, цунах дозалла деш, хьалакхиъна. Поэтан синбIов ю ненан мотт, цуьнан экамечу деган зевне илли ду иза, йоIбIаьрг санна цо лардеш долу дегахьааме хIайкал а ду. Иштта, цуьнан белхан гIирс бу нохчийн мотт. Поэта яздо нохчийн маттахь, ойла яр а ду цуьнан ненан маттахь, къамел дар а ду даима шен ворхIе дас бийцинчу маттахь.

Хетарехь, нохчийн меттан хазалла ю цунах поэт винарг. Поэзехь къахьегна Iаш вац иза. Цхьабосса боккхачу кхиамца къахьоьгу Л.Абдулаевс поэзехь, прозехь, публицистикехь, гочдаршкахь. Шен мехкан а, халкъан а тешаме воI ву иза. БIешерийн кIоргенера таханене вайн дайша ларбеш схьабеанчу нохчийн меттан тешаме гIаролхо ву. Ткъа уггаре а коьртаниг нохчаллех къилба дина вехаш ву иза.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь инзаре ирча бохамаш. Iаламат лазаме эшамаш хилира вайн махкахь. Алссам адам махках делира, шайн синош довдийна. Ткъа бакъволу поэт Абдулаев Леча даима а шен халкъаца вара.

Цо ца лийхира дай баьхначу лаьттана хераваьлла синпаргIато йолу меттигаш. Цунна ца ийшира генарчу махкара кхерамазалла. Цуьнга ца йитаелира буьрсачу тIеман луьра цIе хьаьрчина нана-Нохчийчоь. Иза ца валавелира цIийх лешачу махках а, халкъах а. Цу шерашкахь яздина Абдулаев Лечас хIара могIанаш.

Гуо талла, бIов йоцуш висинчохь,
Букъ тоха берд боцуш висинчохь,
Куьг делла, белш гIортош, гIаттийна,
Хьо латто гIо доцуш висинчохь
Хьан лекха лам хьахо кхоьру со,
Хьан Орга, Терк хьахо кхоьру со.
Нохчийчоь, хьо йийца кхоьру со:
Къонахий белхарна кхоьру со.

Бераллин шераш

Нохчийн халкъан поэт Абдулаев Леча дуьнен чу ваьлла 1953-чу шеран чиллин (февраль) беттан 15-чу дийнахь генарчу Казахстанан Кустанайхь.

Сталинан хьадалчаша 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь вайнах махках баьхна, хийрачу махкахь хенебуьйлу мур бара иза. Кустанайн областерчу Семиозерни кIоштан Аман-Карагай станцехь и мур токхуш бара Котар-Юьртара АбдулаевгIар а.

Лечин да Шарип шоферан болх беш вара. Оцу буьрсачу замане ладоьгIча, доьзална напха латто аьтто болуш, дика болх бара шоферан. Леча воккхах верг вара доьзалехь. Когавахар а, моттIамар а хийрачу махкахь хилла Лечин.

1957-чу шеран аьхка шен ворхIе да ваьхначу Котар-Юьрта схьакхелхира Шарип шен боккха доьзал балош.

1960-чу шарахь Котар-Юьртарчу школехь дIадуьйлало Лечин дешаран шераш. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна ирачу хьекъалца, хаарийн кIоргене кхийдарца нийсархошна юкъахь къаьсташ вара кIант. Дукха хьалхе зевнечу мукъамашца гергарло тасаделира цуьнан. Сурт дилларна говза вара иза. Амма массо хIуманал дукха литература езаелира кIантана. Школерчу а, юьртарчу а библиотекашкахь жимачохь билгалвелира Леча исбаьхьаллин литературе болчу безамца. Цо хаддаза, сутара йоьшура исбаьхьаллин литература.

Хетарехь, 1970-чу шарахь Котар-Юьртара юккъера школа чекхъяьккхина волуш оьрсийн литературин классика, ерриге а бохург санна, ешна ваьллера жима стаг. Иштта, кIорггера евзара цунна халкъан барта-кхолларалла. Нохчийн къоман турпалаллин иллеша боккха тIеIаткъам бинера кIентан синкхетамна. Школин лакхарчу классашкахь доьшуш волуш дуьйна йозанашкахь шен ницкъаш зуьйш вара иза, зорбане вала сих ца веллехь а.

Школа чекхъяьккхинчу 1970-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтан, филологин факультетан къоман отделене деша воьду Л.Абдулаев. Даима хаза, ирсе хуьлу лакхарчу дешаран кхерчахь доьшу зама. Цуьнан дахарехь а сирла агIо хилла дIахIоьттинера иза.

Цигахь доьшучу шерашкахь дека долало цуьнан поэзин зевне аз. ЧIагIло нохчийн матте болу безам. Цигахь карайо цунна «Пхьармат» цIе йолу литературин цхьаьнакхетаралла, шен ойланашца ойла йогIу кегийрхойн тоба. Кест-кеста цхьаьнакхетарш хуьлу «Пхьарматан» декъашхойн. Вовшашна йовзуьйту шайн керла говзарш, йийцаре йо накъосташа язйинарг, хастадо дика нисделларг, хьахадо шайна ледара хетарг.

Тахана, цхьана а кепара шеко йоцуш, вайн ала бакъо ю беркате, дика пхьалгIа хилла «Пхьармат». Алссам похIме поэташ, яздархой белла цо халкъана, махкана. Царах цхьаъ ву Абдулаев Леча.

Нохчийн къоман литературехь махбоцу беркат хилла дIахIиттина цо яздина жайнаш, исбаьхьа могIанаш, чулацаме говзарш. Замано гайти АллахI-Дала къеггина похIма делла поэт Леча хилар. Цул сов, нохчийн къоман яхь йолуш кIант а ву иза.

Къинхьегаман хьалхара гIулчаш

Кхиамца университет 1975-чу шарахь чекхъяьккхина. Л.Абдулаев Котар-Юьртарчу юккъерчу школе балха веара. Литература хьоьхуш вара къона хьехархо. Ненан шурица шен цIийх дIаийна нохчийн матте болу безам дешархойн дегнашкахь кхио лууш чIогIа къахьоьгура цо.

Цо дуьйцура къоман яздархойх, церан говзарех, халкъан бартакхоллараллерчу турпалхойх. Ханна къона велахь а, лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолу хьехархо дика кхетара шена хьалха хевшина дешархой къоман кхане хиларх. Кхиамца университет 1975-чу шарахь чекхъяьккхина. Л.Абдулаев Котар-Юьртарчу юккъерчу школе балха веара. Литература хьоьхуш вара къона хьехархо. Ненан шурица шен цIийх дIаийна нохчийн матте болу безам дешархойн дегнашкахь кхио лууш чIогIа къахьоьгура цо.

Цундела цо леррина дIахьора цаьрца кхетош-кхиоран болх. Дуьйцура ворхIе дех дисинчу оьздачу гIиллакхех, нохчаллех, къонахийн йохьах, мехкарийн эхь-бехках лаьцна. Амма иза данне а дац хьехархочо поэзехь беш болу болх дIатеснера бохург. Де дийне мел долу толуш, шарлуш, исбаьхьачу чомах юзуш схьайогIуш яра цуьнан поэзии.

1976-чу шарахь ТIехьа-Мартан кIоштан «Ленинизман байракх» зорба туьйхира газето халкъан турпалхочух Зелимхех йолу поэтан байт. Байтан цIе «Зелимхан» яра. Иза Лечин дуьххьара зорбане яьлла байт ю. Цуьнан зорбане яхале хьалха дIадолийра поэта журналистикица долу гергарло. Цуьнан хаамаш, зарисовкаш,
статьяш кест-кеста хуьлура «Ленинизман байракх» газетан агIонаш тIехь. Уьш къеггина тоьшалла дара жима стаг журналистикехь болх бан хьуьнар долуш хиларан.

Дукха хан ялале редакцин куьйгалло газете балха кхайкхира Абдулаев Леча. Амма Советийн заманахь низам чIогIа дара. Къона хьехархо декхарийлахь вара кхаа шарахь ша тIечIагIвинчу школехь болх бан. И хан дIа ца яьлча кхечанхьа балха ваха бакъо яцара. Амма Лечина ТIехьа-Мартан кIоштан куьйгалло бакъо елира школехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа газетан редакце балха ваха.

Иштта, 1977-чу шарахь ТIехьа-Мартан кIоштан «Ленинизман байракх» газетан корреспондент хилира цунах. Оцу шерашкахь яздина Абдулаев Лечас хIара могIанаш.

Буьйса-бода, шайтIанашца гIенаш,
Лулахь леташ долу жIаьлеш, гIезаш,
Эзар кхерам дагчохь хиэбаш ваьхна,
Воккха хила чIогIа дог а даьхна, –
Ца моьттура суна, ца моьттура,
Эххар а, цу сайн воккхаллин зовкх хьоьгуш,
Лиэлар ву суо, шийла орца даххал,
Сан дIаяхна бералла, хьох хьоьгуш!..

Лаамаш, таронаш галаморзаха юьйлучохь

ТIехьа-МартантIехь «Ленинизман байракх» Советийн Союзехь зорбане дуьйлуш хилла дерриге а кIоштийн газеташ санна, кIоштарчу Iедалан куьйгакIел дара. Коммунистийн идеологи хестош зорбане дуьйлуш дара. Къаьмнийн башхаллаш ширалла лоьруш, советийн халкъ кхолладаларан хьокъехь туьйранаш дара даржош Iедалан векалшна томанна.

Массо маьIIехь а олалла деш оьрсийн мотт бара. Вайн республикехь а, коьртачу декъана, оьрсийн маттахь зорбане дуьйлуш дара уьш. Юкъ-кара нохчийн маттахь язйина материалаш хуьлура газетийн агIонаш тIехь. Бакъдерг аьлча Шуьйтан, Веданан, Нажи-Юьртан кIошташкахь зорбане дуьйлучу газетийн агIонаш тIехь алссам хуьлура нохчийн маттахь материалаш. Кхечу кIоштийн газетийн агIонаш тIехь наггахь бен ца хаалора ненан маттахь язйинарг. Царах цхьаъ дара ТIехьа-Мартан кIоштара «Ленинизман байракх» а.

Амма, Л.Абдулаевна товш дацара и. Ша мел язъеш йолу статья, зарисовка, очерк нохчийн маттахь язйора цо. Ткъа иза ца дезалора «Ленинизман байракхан» коьртачу редакторна. Цо сихха дIаболийра керлачу корреспондентаца «кхетош-кхиоран» болх, журналистана оьрсийн маттахь яздар тIедуьллуш.

Делахь а, бераллехь дуьйна нуьцкъала амал йолуш хьалакхиъна Леча шена хетачунна тIера волуш вацара. КIорггера хаарш, сирла кхетам болуш волу иза кхетара нохчийн кIоштахь зорбане дуьйлу газет оьрсийн маттахь хила деза бохург законаца цхьанхьа тIедожийна цахиларх.

Куьйгаллехь волчу коьртачу редакторан лаамах дозуш дара дукхахдерг. Коьртачу редакторна оьрсийн мотт уллера а, хьоме а бара. Нохчийн матте болу безам цIийх боьллачу Лечина доккхачу дуьненахь ненан маттал мерза, аьхна хIума дацара. Цундела яздора цо даима а нохчийн маттахь. Эххар а, коьртачу редакторан а, къоначу корреспондентан синкхетамийн галаморзахаллаш чолхалле йирзира. Къарвелла юха ца волуш, къона корреспондент балхара дIавелира. Луьрачу къийсамехь поэтана кхаьчнарг «националист» боху мухIар дара.

Иштта яра уьш, Л.Абдулаевн къоналла дIаяхана Советийн заманан лаамаш, таронаш галаморзаха лелха ирча хенаш. Абдулаев Лечина даима дозалла хетта нохчи волуш дуьнен чохь дIалелар.

«Ленинизман байракх» газетан редакцера балхара дIаваьлча вехха Iийра иза балха ца оьцуш. «Националист» цIе йолу мухIар нуьцкъала дерт дара цу заманахь, хьеннан а дахаран некъ галбаккха гунахь долуш. КIеззиг дегаIийжамаш ца латтийна цо Абдулаев Лечин дахарехь а. Делахь а, цуьнгахь доьналла хилла, чолхечу дахаран шогаллаш тергал ца еш, хьалхахьа дIагIерта.

Болх боцуш висинера аьлла цкъа а мокъа Iийна вац иза. Цо хаддаза поэзехь къахьегна, башха байташ язйина, хIора а сица луьттуш, экамечу дагах чекхйохуш. Цкъа мацца а балха хIуттур ву иза Грозненски кIоштан «Ильичан весеташ» газетан редакци. Амма, тохара санна, язйийриг даима а нохчийн маттахь хиларна и белхан меттиг галйолу цуьнан.

Беккъа цхьа дегахьаам бара цуьнан, цхьана а Iедалан цуьнгара дIабаккха йиш йоцуш, АллахI-Дала белла. Байташ язъяран похIма. Уьш поэта язйора хIора дешархочун синкIоргене дIакхача ницкъ болуш.

Хала ю гIело
Хала ю гIело…
Хала ду вела,
Чу, ара вала,
Чет къуьйлуш, лело
Дог чехчо алу.
Хала ю харцо, –
Бакъонаш хоьтту:
Къуьно къа хьарчош,
Зуьдо барт хоьттуш.
Хала ю бакъо, –
Бакъонаш яйна.
Хала ду бакъдан
Дегнаш, и лайна.

Iедалан карчам

Горбачев Михаил куьйгалле веача кIотархойн синкъерам санна хабарехьа делира Кремлера Iедал. Мехкан майдана йохуш йийца йолийра Iедалийн кIайдаргаш. Генарчу Москвахь яьлла и питанийн гIовгIа, ца торуш санна, Соьлжа-ГIала схьакхечира.

Нохчийчохь цкъа а буьйцу ца хезна нах, Iедало урх малъярх мерза кхаъ хилла мехкан коьртачу шахьаран майданахь цIогIа детта бевлира. Иштта, чолхечу муьрехь Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалхочо Завгаев Доккас кхайкхина дIавигна «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоттийра Абдулаев Леча.

Тамашийна хан яра иза. Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгаллехь дуьххьара нохчи вара. Къоман газетан коьрте къона поэт,похIме журналист Абдулаев Леча хIоттийнера.

Газетан болх хIора денна толуш дIабоьдуш бара. Уггаре а хьалха коьртачу редактора Нохчийчоьнан массо маьIIера схьагулбира ненан маттаца уьйр-марзо йолуш, уллера цуьнца гергарло лелош болу нах: Сумбулатов Дени, Юнусов Хьамзат, Джанаралиев Iимран, Ицлаев Iабдулла, Умхаев Хьамзат, Уциев Абу, цхьамогIа кхиберш. Иштта, дуккха а кхиболу похIме журналисташ бара «Ленинан некъ» газетехь къахьоьгуш.

Церан публикацеша цкъа а дагахь ца хиллачу лаккхарчу тIегIане хьаладаьккхира газет ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь. Цунах баккъал а къоман газет хилира. Тираж ца моьттучу кепара хьалаелира.

1990-чу шарахь редакцин белхахойн цхьабарт болуш, «Ленинан некъ» долчуьра газетах «Даймохк» хилира. Кхоллараллехь къахьоьгучу массо а адамийн хьоме туш хилла дIахIоьттинера газетан редакци. Нохчийн халкъах, махках дог лозуш мел верг кхочура цига сих хьакхаделларг дийца, дагавала.

Хийрачу махкара веана веза-воккха хьаша санна, ларамца тIелоцура «Даймахкахь» милла а, бIе шарахь цуьнга сатуьйсуш Iийча санна. Цхьаъ санна, массо а гIиллакхе вара тIевеанчуьнца. Цундела даима ван дог догIура кхоллараллин кхиамийн гIушлакхехь долчу «Даймохк» газетан редакци. Дукхах болу газетан кхиамаш коьртачу редакторан хьуьнарца боьзна а бара.

«Даймохк» газетан куьйгаллехь болх бечу хенахь Лечин аьтто белира газетан хатI хийца, халкъана, махкана пайдехь газетан болх дIабахийта. Ткъа уггаре а коьртаниг нохчийн къоман оьздачу гIиллакхийн гурашкахь сецаш дара «Даймохк».

Цкъа а питане дерг, халкъана зуламе дерг, бакъонна тIетовжа бух боцург зорбане ца долура цуьнан агIонаш тIехь. Цундела дешархошна дезаш, цара лоруш газет дара иза. Дукха кхайкхамаш бира газетан журналисташа нохчийн къоме машаре, барте, маслаIате кхойкхуш. Амма чIогIа яьллачу гIовгIанехь мел хьекъале дош а хезаш ца хуьлу. Ткъа Нохчийчохь зуламе гIовгIанаш чIогIа евллера, герз эвхьазадаьккхинера, федеральни тIегIанерчу политикаша кегадора шайн питанаш.

Цкъа а, шозза а дIакъовлар нисделира «Даймохк» газетан оцу муьрехь. Журналисташна дала алапа доцуш къелла лаьттира. Амма «Даймохк» газетехь хьанал къахьоьгучу журналистийн синъондалла кагъян ницкъ ца тоьира, хIора дийнахь эрчонаш совйохуш, къинхетамза хьекхначу зуламечу дорцийн.

1993-чу шарахь шен лаамехь балхара дIаваьлла дIавахара Абдулаев Леча. Делахь а, къоман газетаца, поэзица долу гергарло дIа-м ца хадийра цо.

Хьийзаш ду, хьийзаш ду дуьне,
Дуьненца хьийза цхьа кIентий.
Дуьненца ца хьийза кIентий
Ховшош бац дуьненан шуьне.
Хьийзаш ду, хьийзаш ду дуьне,
Хьийзаш ду дуьненан шун а.
Цахьийзарш дуьненан шуьнехь,
ХIун лоьху, хIун оьшу шуна?..

Масех шарахь балхахь-некъахь воцуш Iийра Абдулаев Леча. Амма иза данне дац поэт болх ца беш Iийна бохург. Цуьнан къинхьегаман хьаьрма кхолларалла яра. Шен карзахе ойланаш кехатах тешайора Лечас. Мел хала хенаш тIехIиттарх цкъа а Делан диканах дог диллина вац поэт, нохчийн къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхаьбна ву. Цундела ю цуьнан башха кхолларалла нохчийн литература мел езачарна хьоме, мехала.

Синайъаме кхолларалла

Тахана гIеметтахIоьттина поэт, яздархо, публицист, журналист, гочдархо ву Абдулаев Леча. Цуьнан дуккха а байташ вайн тоьллачу иллиалархоша мукъаме ерзийна, зевнечу иллешкахь тIомаевлла. ЛадогIархоша самукъадаларца тIелаьцна поэтан иллешка дирзина поэзин могIанаш. Царах цхьаъ ду Нохчийн Республикин халкъан артиста Гадаев Валида дIаолуш долу «Весет» цIе йолу илли.

Ша лома воьдучо цу лаьмнийн тархашка
Сан кост дIахьойша.
Ша регIа воьдучо цу регIан басешка
Салам дIалойша.
Ломаний, регIаний юккъехь
Цхьа берд бу алий,
Органий, Терканий юккъехь
Цхьа хьост ду алий,
Цу лаьмнийн тархашка, цу регIан басешка
Сан дош дIаала.
Диц ма де, ала.

Нохчийчохь массех шарахь къизачу тIеман цIе кхирстира. Нохчийн ярташ, хIусамаш, йохийра, эзарнашкахь бераш байлахь дитира. Буьрсачу тIеман цIаро Iовжийна дерриге а халкъ бохамийн Iинчу дожа герга дара 2000-чу шерийн юьххьехь. Къоман дола дан а, машаречу хорша халкъ дерзо доьналла долуш къонах гIаьттира вайн махкахь. Иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. Халкъ цунах тийшира, цунна тIаьхьа хIоьттира, машарехьа гIулч яьккхира.

Денъяла юьйлира республика, берийн зевнечу аьзнех юьзира школаш, дархой тIелаца кечъелира больницаш. Шайн болх дIаболийра шуьйрачу хаамийн гIирсаша. МеттахIотта эгIаза камIараш еттачу «Даймохк» газетан куьйгалле хIоттийра Абдулаев Леча. Ша балха араваьллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу некъана тешаме накъост хилла дIахIоьттира иза.

Цо жигара дакъалоцура кегийрхой кхетош-кхиоран балхахь: язйора публицистикин статьяш, кест-кеста хуьлура телевиденин хьешан цIа чохь, редакцехь дIахьора «горга стоьлаш».

КIорггера нохчийн мотт хуучу Лечас деш долу къамел шовкъе а, маьIне а нислора. КIиранах а, шина кIиранах а телехьовсархоша кар-кара оьцуш дийцаре деш карадора, дукха хьолахь, поэта телеэфирехь дина къамел. Цхьаннах а оза ца луш, цхьангахьа озабезам ца беш, бакъволу журналист ша хиларе терра, мискачу адамийн лазамаш бара цо телеэфирашкахь бийцаре беш берш а, хьаькамийн тидам тIеийзош берш а.

Цундела дукхавезара поэт телехьовсархошна. Юкъараллин гIуллакхаша мел дукха хан дIаяккхахь а, кхоллараллина цкъа а юьстахаваьлла вац иза. Поэзехь, прозехь къахьегна ца Iаш, гочдаршкахь болх бан а лараво. Цо гочйира французхойн яздархочун Антуан де Сент Экзюперин «Жима эла» цIе йолу повесть.

Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу нохчийн къоман драмин театрехь режиссера Хакишев Руслана хIоттийра спектакль 2005-чу шарахь.

Москвахь гайтира Л.Абдулаевс иштта гочйина оьрсийн сийлахьчу поэтийн А.Пушкинан, М.Лермонтовн, С.Есенинан, Е.Евтушенкон, иштта дуккха а, кхиболчеран а байташ. Иза данне дац оьрсийн поэтийн байташ гочйина хиларх тоам бина Леча Iийна бохург.

Цо боккхачу кхиамца гочйина поэтийн Окуджава Булатан, Сулейменов Олжасан, Хуан Рамон Хименесан, Антонио Мачадон, Федерико Гарсиа Лоркин, иштта кхечу похIмечу поэтийн байташ.

Дуьненна йовза хьакъдолуш ю Лечас ша язйина байташ. Цундела новкъадогIу цуьнан байташ тIехь болх бан хьуьнар, похIма долуш вайн халкъан кхиъна ваьлла гочдархо цахилар.

Абдулаев Леча нохчийн къоман бакъволу поэт ву. Цуьнан сица са догуш, цуьнан цIийца цIий лозуш, Нохчийчоьнах ваьлла Iер-вахар хила амал доцуш стаг ву иза. Цуьнан хIора дашехь хаало дай баьхначу лаьттан садеIар, нохчийн къонахийн амал, вайх хIорамма а шех къилба дан хьакъйолу нохчалла. Цо цкъа а ца яздо рифмица кочар дина цхьана денна лерина деса могIанаш.

Цуьнан хIора дош сихаллехь гIергIачу Органан тулгIенах тера ду, ешархойн синкIоргене кхача ницкъ болуш. Абдулаев Лечин башхачу поэзис дахаре безам чIагIбо, Даймохк беза Iамаво, дикане, къинхетаме, машаре кхойкху, АллахI-Дала нохчи кхолларх вайх хIоранга дозалла дойту.

Ша лома воьдучо цу лаьмнийн тархашка
Сан кост дIахьойша.
Ша регIа воьдучо цу регIан басешка
Весет дIалойша.
Лахьтана товр ду сан кху Нохчийн Мехкан
Мичара латта,
Со лийчо векал ду Орга а, Терк а,
Муьлхха тIулг-чурт хилла гIатта.
Сан лаьмнийн тархашка, сан регIан басешка
И дош дIаала.
Виц ма виэ, ала.

Абдулаев Леча Нохчийн Республикин халкъан поэт а, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а ву. Вайн республикерчу интеллектуальни туьшо «Датон БухIа» цIе йолчу совгIатца билгалбаьккхина бу поэтан хьанал къинхьегам. Масех книга ю Лечин зорбане яьлла.

1985-чу шарахь зорбанера араелира цуьнан дуьххьарлера гулар «Орамаш, тIемаш» цIе йолуш.

1989-чу шарахь зорбане яьллачу гуларан цIе «ШолгIа тулгIе» яра.

2002-чу шарахь дара Абдулаев Лечин «ГIенех сан гIенаш» цIе йолу книга зорбане яьлча. Хаьржинчийн гулар ала мегар долуш яра 2009-чу шарахь зорбане яьлла «ХIолламаш, кIарлагIаш» цIе йолу книга.

Поэтан исбаьхьа байташ хилла ца Iа оцу гуларна юкъаяхана. Публицистика, интервьюш, гочдарш, поэтан тоьлла байташ еша аьтто бу и книга каралаьцначун.

Даима а санна, поэтан экаме, сирлачу сих цинц юкъалоцуш язбина бу книги тIера хIора могIа, хIора дош, хIора хьаьрк. Поэтан доьналлех, нохчаллех юьйцина синтем боцу амал хаало оцу тIерачу могIанашца. Нохчийн меттан башхачу хазаллех дог Iабадо поэтан могIанаша.

Дай баьхначу лаьттана варкъ доккхуш лаьтта вайн къоьжа лаьмнаш санна ненан маттана гIаролехь лаьтташ хетало поэт, цо яздина исбаьхьа могIанаш доьшуш. ХIора могIанехь Iанаоьху нохчийн меттан хазалла, дешархойн лерса хьоьстуш, дог-ойла диканна гIиттош, са ловзадохуш. Поэтан башхачу поэзин исбаьхьа тIеIаткъам бу иза.

ГАЗИЕВА Аза

№12, пIераска, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2018 шо.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *