хилла дагахь дисина Маргошвили Султанна цкъа мацах ша шен йишина орцахвалар
1962-чу шеран гурахь дара иза. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь заочни кепара деша а хIоьттина, Нохч-ГIалгIайн мохкбовзаран музейхь болх беш вара Султан. 30 шо а кхачаза, гIеметтахIоьттина жима стаг вара иза хIетахь. Цхьана суьйранна тIаьххьа почтальон веара телеграмма йохьуш. Кхоэ бацара цо беана хаам: «Йиша Тбилисерчу больницехь ю, сихха дIакхача». ХIинца санна машенийн шорто яцара цу хенахь, я некъаш дацара. Амма Султанна хаьара Гуьржийчу нефтяникаш дIасалелош жима кема дуйла. Цкъа а, шозза а, иштта сиха меттиг нисъелча, цуьнца вахар нисделлера кхуьнан. Оцу буссехь муха, хIун ду а хиъна, шолгIачу Iуьйранна шена бевзачу нефтяникашца кеманца Тбилиси дIавахара хIара.
ЧIогIа ягийна, халачу хьолехь карийра цунна шен йиша Зулай – хьалагIаттар-м хьехочохь а дацара, халла йистхуьлуш яра иза. ХIорш кхоччуш бистхилла а бовлале, чуеанчу лор-йишас, коьртачу лоьро кхойкху аьлла, дIавигира Султан. Цо хьал ма-дарра довзийтира. ДегIан йоккха меттиг дIалоцуш, чкъор хийца дезаш дара йишин. Цунна донор оьшура. Гергарчарна юкъахь резаберш бевллехь а, цхьацца талламаш бича (анализаш дIаелча), чкъор хийцамегарш ца хиллера.
– Сан чкъор мегар ду, со кийча ву аш боххург дан, – элира Султана. ТIаккха лоьро тIетуьйхира, иштта операци яран зеделларг а дац хьуна тхан, делахь а, хьан йишехь чIогIа вуон хьал хиларна и жоьпалла тIелаца гIерта аьлла.
Оьшу талламаш бина, оцу дийннаххьехь дIайолийра 4 сахьте яхъелла операци. Цул тIаьхьа кхо де даьлча лоьро элира:
– Султан, йишина дика ваша хилла хьо. Ахь мел хало лайнехь а, хIинца хьан йиша тояларе догдохийла ю вайн, хьан чкъор дика тIелаьцна цо. Хьаьнг-хьаьнгга а лалур йолуш операци яцара вай йинарг. Йишин безамна дегIа тIехь моьнаш дуьсур делахь а, жимма Iиллинчул тIаьхьа, хьуна а гIоли хир ю.
Йишина гIо дан йиш хиларо а, ша цунна орцах кхачаро а воккхавевора Султан, оцу воккхаверо йицйинера шен Iийжа чевнаш а. Баттахь Iиллира хIара, гIатта йиш йоцуш. Шен цамгар йицйина, кхунна сагатдеш Зулай а яра. Эххар а гIаьттина, шен йишина тIехIоьттира ваша. Баккъал а, ша товелла моттуьйтуш, хелхаваларан сурт а хIоттийра, хьо сихха толо, тIаккха вайшиъ цхьаьний хелхадер ду, олуш. Ша бахьанехь кхуо хьегначу балина сингаттамехь хилла йиша а гIеххьа паргIатъелира. Гайта йиш йолчуьра, Султанан чкъурах яьхна шена тIе летийна йоманаш а гайтира, хIинца шен дегIо дика тIеэцна йолу. Йистхилар а дика дара, лоьраша кестта гIоттур ю а бохура. Цунах кхаъ хилла Султан, лоьрашца барт а бина, кхидIа дарба ша Iаш волчу Соьлжа-ГIалахь леладойтур ду ша аьлла, цIа веара. Йишига са ца гатдайта динера иза а.
Кхин а цхьана баттахь больницехь Iиллинчул тIаьхьа, товелла, балха волавелира хIара. Бакъду, Тбилисехь больницехь йолчу йишин хьолах болу хаамаш тIаьхь-тIаьхьа сингаттаме хуьлура. Эххар а, ягийна кхо бутт кхочуш, иза дIаяьлла аьлла, шийла кхаъ кхечира Султане.
Иштта, йиша тояларе догдохийла хиларо кхоьллина воккхавер дагахьбалламе дирзира, даима а кхуьнца баха бисинчу дагахьбалламе. Дагийна дегIан чкъор хийцар дика чекхдаьллехь а, кIуьро багийначу кийранна дан дарба ца хиллачух тера дара лоьрийн. Шен балхахь иштта операци яр дуьххьара нисделлачу лоьро Бочоришвилис (цIе дагара яьлла Султанна) чIогIа айира и гIуллакх. Цунах лаьцна дийцира лоьрийн семинарашкахь а, медицинин институтан студенташна а.
Султан дIа а кхайкхина, ша студенташна йоьшуш йолу гайтаман лекци иштта чекхъяьккхира Бочоришвилис: «Со дикка лийлира, кхин ойла а ца еш, оцу халачу операцина Султан резахиларх цецвуьйлуш, амма тIаьхьуо кхеран да а, берриге доьзал а уллора бовзар хилча, сан цецвийлар дIаделира. Нохчийн оцу оьздачу доьзалехь кхиъна жимха йишица кхечу кепара хуьлийла а дацара»…
Маргошвили Султанан дахарера лакхахь далийна бакъдерг довзар цхьа ларамза нисделира сан. Кхо-диъ шо хьалха цуьнан юбилейца доьзна материал кечъеш, ас цуьнга хаьттира, хьан дахарехь хьуна воккхаверца дагахь диснарг а, дагахьбалламе нисделларг а хIун ду аьлла. Шех лаьцна дуьйцуш, хабарна ванне а тIера воцчу Султана тIаккха дийцира суна шен дахарера и бакъдерг. Юха къамел дерзош, ша и дийцарна дохковаьлча санна тIетуьйхира, сайгара доккха хIума даьлла хеташ ца дийци ас хьуна хIара, хIетахь йиших иштта къастар дагара а ца долу дела, гуьржийн лоьро аьлларг дерриге а нохчийн къомах аьлла хетарна, дийци-кха. Иштта алар а Султанан гIиллакх дара.
Гуьржийн лоьран, МаргошвилигIеран доьзалх хилла ца Iаш, дерриге а нохчийн къомах дика ойла кхоллаялийтинарг хир дара оцу доьзалехь баьрче баьккхинарг нохчийн мотт а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а хилар. Гуьржийчоьнан Дуиси юьртахь вина а, кхиъна а волу Султанан да Юсуп шен маттаца, гIиллакхца, оьздангаллица, ойланашца цIена нохчи вара. Нохчийн мотт ларбарх, баржорах, кхиорах шен дахаран къилба дина чекхвелира иза. Еххачу хенахь юьртарчу школехь нохчийн мотт хьийхира (школа а яра, кхуо ша хьалхаваьлла, юьртахошка яйтина). Хьехархочун болх дика барна «Гуьржийчоьнан хьакъволу хьехархо» сийлаллин цIе лелош а вара иза. Нохчийн дешархошна Александр Казбегин лийрйоцу кхолларалла дуьххьара йовзийтинарг а Маргошвили Юсуп вара. 1961-чу шарахь цо нохчийн матте гочйира А.Казбегин «Элисо», «Циция», «Да вийнарг» произведенеш. Гуьржийн литературин гоьваллачу классикан башха кхолларалла нохчашна шайн ненан маттахь еша таро хиларал сов, нохчийн мотт кхиорна юкъайиллина йоккха хазна а яра Юсупан гочдарш.
Ша хьехархо хиларе терра, шен доьзалшкахь а кхиийра цо дешаре, Iилмане безам. ТIехдика дешарца Тбилисерчу университетан юридически факультет чекхъяьккхира воккхах волчу кIанта Iусмана. Оццу университетехь дийшира йоIарша Зулайс, Лайлаа, Задас, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь дийшира Султана. Кхин цхьаъ а дара Юсупа, весет дой, шен доьзалшна тIедуьллуш: шайн Даймахках – Нохчийчоьнах – цахадар. Ларамза дацара, нохчийн зударшлахь дуьххьара Iилманийн докторан диссертаци чIагIйинчу Лайлаа шен дахаран некъ Нохч-ГIалгIайн мохкбовзаран музейн Iилманан белхахо йолуш дIаболор а, Султанан Iер-вахар Нохчийчохь нисдалар а, ша Юсуп а, доьзалан кхиболу декъашхой а сих-сиха Нохчийчохь хилар а. Юсуп дика кхетара, дозаллица дийца ша схьаваьлла къам доцург, шен орамех хаьддарг нахана а ворах хеташ хиларх. Цундела цо цкъа а, цхьана мIаьргонна а диц ца дора, ша, маца-мацах Итон-Кхаьлла кIоштахь Гезаха юьртахь ваьхначу Хьанакхин тIаьхьенах волчу Махьмада Iодин кIант, нохчи хилар. Оцу ойланехь кхиабора шен доьзалш а. ТIаккха данне а цецволийла дацара ишттачу доьзалехь кхиъначу Султанера вай лакхахь дийцинарг саннарг даларх.
Тахана Маргошвили Султанан цIе ца евзаш стаг дукха хир вац нохчийн литературица гергарло долчарна юкъахь. Еххачу хенахь дешаран декъехь къахьегначул тIаьхьа, пенсе ваьлчахьана цо жигара болх бо литературехь, къаьсттина а, гочдаран декъехь. Гуьржийн литературин классикийн (А.Казбеги, В.Пшавела, Н.Думбадзе,А.Каландадзе, иштта кхиберш) говзарш нохчийн матте гочъярца цо беш берг маьIне болх бу. Уггаре а хьалха нохчийн мотт кхиор ду иза. Шен ден лорах вогIучу кIентан яздархошлахь а, юкъараллехь а сий-ларам бу, ткъа ша висина, хилларш-лелларш листа воьлча, дIо деган кIоргенехь дагахьбалламе дирзина воккхавер а карадо.
Хь.АБОЛХАНОВ
Архивера сурт
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо