Мусаев Iалавдин – 60 шо

Дукха хан ю Мусаев Iалавдин цIе вайн махкахь а, дозанал генна арахьа а евза. Лакхарчу даржашкахь болх баро а, алссам сийлаллин цIерш а, даржаш а хиларо а вовзийтина вац иза. Цо динчу диканаша вовзийтина. Цуьнан башхачу синан шорталло а вовзийтина.

КIеззиг болх ца бина Мусаев Iалавдис вайн махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн структурашкахь. МогIарерчу милцочун даржера дIаволавелла полковникан дарже кхаччалц белхаш бина цо Нохч-ГIалгIайн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн дакъошкахь.

Даимна гIиллакхе, оьзда хилла, белхан накъосташца мегаш, тарлуш чекхваьлла. Даима тешаме гIортор хилла шегара гIо-накъосталла оьшучохь. Халонех озавелла цкъа а юхаваьлла вац. Ткъа уггаре а коьртаниг — Мусаев Iалавди даима хилла ша схьаваьллачу халкъах, махках дог лозуш, кIорггера церан лазамаш бевзаш, уьш дIасалиста лууш.

Цо хьанал къахьегна, хIинца къахьоьгуш а ву нохчийн къоман кхане сирла, екхна ган лууш, цуьнан зовкх деба лууш. Иза хабарца а доцуш, вайн турпалхочо дечу гIуллаккхашца гуш ду. Къаьсттина билгалъелира цуьнан дика амал а, цуьнан комаьршалла а вайн махкахь тIеман хьал долчу муьрехь.

ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталун ирча хан яра иза. ТIеман цIаро йийсаре лаьцнера Нохчийчоь. Халкъана, махкана даккхий зенаш хиллера. Наггахь а стаг вацара вайн махкахь хIусам йохоза, верасех къастаза.

Шегахь йолчу таронца орцах велира Мусаев Iалавди. Цуьнан гергарнаш, бевза-безарш хилла ца Iара цо гIо динчу нахана юкъахь. Дукха яздархой, журналисташ, артисташ, художникаш бу цуьнан доза доцчу комаьршаллин беркат кхаьчначу адамашна юкъахь.

Алссам адамийн дог хьаьстина, дукха нахана гIортор хилла лаьттина ву иза уггаре а халчу хенахь. Цундела массарна а дукхавеза.

Дийца даьккхинчуьра аьлча, полицин полковник хиллIаш вац Мусаев Iалавди. Иза воккха Iилманча а ву. Юридически Iилманийн доктор волчу Мусаев Iалавдин 70 сов Iилманан болх бу зорбане баьлла. Цо белхаш бина Соьлжа-ГIаларчу а, Москварчу а университеташкахь къона Iилманчаш кхиош.

7 стага Iилманийн кандидатан дисертацеш тIечIагIдина Мусаев Iалавдис Iуналла деш. Цу тIехь а кхачалуш дац цуьнан хьаналчу къинхьегаман доза. Иштта жигара къахьоьгуш ву иза литературехь а. Нохчийн литература цIе йолчу исбаьхьчу хьаьттахь шатайпачу башхаллица къаьста тамехь майда хилла дIахIиттина Мусаев Iалавдин говзарш. Книгаш ешархоша самукъадаларца тIелаьцна цуьнан «Шайх Мансур», «Берзан ор» цIе йолу романаш.

Советийн Союзан турпалхочун цIарах йолчу нохчийн къоман драмтеатрехь режиссера Хакишев Руслана хIоттийна, кхиамца чекхъелира Мусаев Iалавдис язйинчу «Берзан ор» цIе йолчу пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль.

Иза Россин Яздархойн союзан декъашхо ву, литературин дуьненаюкъарчу фондан декъашхо а, Москва гIалин Яздархойн союзан Президиуман декъашхо а ву, нохчийн литературин гIолацаран фондан куьйгалхо ву.

Оцу фондо юкъаяьккхина яздархочун М.Мамакаевн орден. Ткъа массо хIуманал вайна мехала дерг: нохчаллах къилба дина вехаш яхь йолу кIант ву Iалавди. Цуьнан комаьршачу деган серлоно улле нисвеллачун дагтIера гIайгIа эккхайо, дахаре болу безам чIагIбо, керлачу анайисте кховда дог-ойла айъайо.

2017-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 2-чу дийнахь вина де билгалдоккхуш ву иза. Цуьнан 60 шо кхочур ду. Бакъволу къонах гIеметта хIутту хан ю иза. Яьржина ойланаш тIегулйо хан а ю, хIинца а къоналлах къаста ца луучу экамчу синна новкъарло ца еш.

Цундела цIенчу даггара ала лаьа – Дала декъалвойла хьо Iалавди! Дог мел лаьттачу дикане кхочийла хьо.

Даима богийла дахарехь хьуна серло лун чиркх. Марзоно Iабадойла хьан комаьрша дог.

Беркатан шовда ца лекъаш бIе кхузткъе кхойтта шарахь вехийла хьо. Кхин цкъа а тIеман къахьо ца гуш, бевза-безачех хеназа къастаро кийра ца морцуш, хаддаза зевнечу ирсо хьоьстуш вехийла хьо нохчийн яхь йолу кIант!

РЕДАКЦИ

№94, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 1-ра де, 2017 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *