Нохчийн воккха яздархо – вайн дахарехь

Мамакаев Мохьмадан – 105 шо

Дуккха  а  зама дIаяьлла Мамакаев Мохьмадах  лаьцна сайн эгIаза дош ала суо охIла ца хеташ со Iаш йолу. ХIинца а сайх бIобулуш а ца йолаелла со. Амма сан а, сан хенарчийн а бералла воккхачу яздархочун говзаршца дIаяхна хиларна а, тахана уьш еша а, царах дош ала а охIла берш  кIезиг хиларан халахетар дайдан лаарна а, нагахь сан дашах беркат даьлла,  яздархочун кхоллараллех пайдаэцча, вайн юкъараллина а пайдехь хиларан ойла йина а йолаелла.

Яздархочун  говзарийн ойла йича, генарчу бераллин денош карладолу: «Зеламха»  роман араяьлла 1968-чу шарахь. Тахана санна, ара ма елла керла книга ешархочуьнга дIакхача таро ца хуьлура цу хенахь. Цкъа цунах дерг радио чохь а, газета тIехь а девзара, тIаккха кест-кеста библиотеке а воьдуш, книга еаний хьожура, и схьакхаьчначу заманчохь тIе ца кхачахь, библиотекаро  рогIе хIоттавой, кхиберш ешна бовллалц Iан везаш хуьлура. Тоъал ца хуьлура книгаш, юьртарчу библиотекина 3–5 кхаьчча доккха гIуллакх дара. Тахана телевизора  хьалха 1ачарах ах,  книгаш йоьшуш хилча, мел хьежа везара!                                                                7-чу классехь доьшуш йолу со, цомгаш хилла, школе ца яхалуш, чохь йиснера. ГIала воьдучу тхан дас хаьттира: «Цомгашчунна хIун йохьу?». «Мамакаевн «Зеламха», – жоп делира ас. Юучух чамбаьлла, меттара г1атта  гIора а доцуш, дагаро йоттуш, ас даьккхина и де, хIумма а ца хетара, книге сатесна хиларна. Ткъа схьакхаьчча, и караэцна, охьахиъна, цунна тIе куьг хьаькхна, бете яхьна, хьожа яьккхира. Цуьнан керла зорба тоьхначу хьожано юзийна, цамгар а, дагар а дIаделира. И буьйса сан доккха дезде хилира.   Бераллехь дуьйна а, иштта ницкъ болуш яздархочун ерриге а говзарш хиларх тешна ю со. Дораха, ца аьлча а мегаш долу дош ца карийна суна цуьнан говзаршкахь. Дош – дош долуш а, шен дахарехь и дош лардеш а ваьхначу  воккхачу яздархочун дахарх керланиг довза а, сайн бераллин чоме сатесна болчу хьогамца а еара со ТIехьа-МартантIерчу Мамакаев Мохьмадан  цIарахчу литуратурно-мемориалан музей.

– Тхан деда Мамакхи а, цуьнан деваша Ханакхи а, дешича Ату а, махках даьхначуьра цIа дирзича, ЧIуьлга-Юьртахь севцца, Гелаха а, Гирмаха а, тхан дедеда Iама а, берриге а гергарнаш ТIехьа-Марта юьрта юккъехь баьхна, – дийцира музейн директор волчу, яздархочун вешин кIанта  Мамакаев Асламбека, – тхан пхоьалгIа да БотIкъа а, цуьнан ваша Боьшка а ТIехьа-Мартана ТIерлойн ломара Оьшнара охьабаьхкина. Тхан деден дуьйш-дерзош ирзе долу меттиг хилла хIара хил сехьара басе. ХIинца санна, хьун хьакха а, латта лелон а гIирсаш цахиларе терра, доьналла а, хьуьнар а долчо деш  хилла иштта гIуллакх. Советан Iедал тIедогIуш, кху хил сехьа вехаш цхьа воккха стаг Анзор а, тхан деден хIара басе а йоцург, кхин доладеш стаг воцуш, хьун-кол яьлла лаьтташ меттиг хилла хIара хил сехье.

1917-чу шеран,  бIаьста Мамакхи кхелхина. Йоккхах йолчу йоьIан Умин 12–13 шо бен доцуш, цул жима Мохьмад, Сайд-Iали, Хьамид кхо кIант волуш, цхьа а куьг коьрте кхаччал доцучу деа бераца юьсу Мамакхин хIусамнана Пацал. Нажи-Юьртан районерчу Шоьнарчу ТIука-Моллин кIентан Товмирзин йоI хилла иза. Шен хIусамда Мамакхи Марта-хил дехьа-сехьа вийлинчу гечох, кIентан, Сайд-Iалин куьг лаьцна дехьа йолуш, йилхина хиллера иза. «Хьо хIунда йоьлху, ва нана?», – аьлла хаьттинчу жимчу Сайд-Iалига: «Хьан дас мукх, борц буьйш лелош хилла хIара басе, можа чхьовг даьлла лаьттар ю-кх», – аьллера цо.

Оццу шарахь гурахь нана а кхелхина, байлахь дисина бераш Михайловскерчу берийн цIийне кхечира. Кху дахаран галморзахаллаш бахьанехь,  дуккха а шерашкахь, Пацала ма-аллара, латта а лаьттира Мамакхин басе, амма 1958-чу шарахь Вашас (Мохьмада) шайн ден безамна  хIара меттиг схьа а эцна, долийна хилла хIара цIенош чекхдехира. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь балхара мукъа волу хан а, кIиранде а, кхузахь доккхура цо …

Гуонахарнаш санна, кибарчиган кертаца, аьчкан кевнаца  къевлина ду Мохьмадан цIенош. Амма ков делларца, воккхачу яздархочун метта-мотт хилла, хьалха дечиган гIопаста тесна лоха учи йолу хIара шира цIенош, дагна гергара а, шайца цхьа къайле йолуш а хета. Цхьа гIулч яьккхича, воккхачу поэтан зератан цIийнан, кIайн басар хьаькхна, неI йоьллий, жимачу сени чу волу. Малхана дуьхьал дари тесна, цхьа кор бен доцучу цу чохь яздархочун хилла хIуманаш а, цуьнан а, цуьнан йиш-вешин суьрташ а, авторан говзарийн гуларш а йовза таро ю. Шена тIе тидам бохуьйту, хийла Мохьмад а, цуьнан накъостий а тIехийшина хирйолчу эрзан дивано а, шина гIанто а. Замано, мацах къегина хилла сир дожийна, маьI-маьIIехь Iаьржа томмагIнаш хIиттийна царна тIе, амма уьш хIинца а хийла лаьттар ю, иштта безамца Iалашъян нах мел бу.

Кху чохь ю нохчийн цIийнан коьрта билгало – чуьйнан экъа тIехь йолу пеш. ХIинца газ тIеялийна елахь а, хьалха, дечиг дагош а, яздархочунна йовхо луш а, пхьор деш а, хийла яьгна хир ю иза. Пешан оганца йолчу неIарх чуваьлча, кхин ши чоь ю. Гуо баьккхина – пенаца дIанисйина  яздархочун хилла книгаш чохь йолу ишкапаш а, стол-гIант а, пенах кхозу суьрташ  а, гулбина яздархочух  болу дагалецамаш а. Стоьла тIехь лаьтта цо зорба тухуш хилла машен а, зIене волуш хилла телефон а, цуьнан хилла йолу шекъадуттург а, къолам-ручка а, уггаре а коьртаниг – авторан говзарш а, уьш шайна тIехь арадийлина журналаш а, книгаш а. Иштта, кхузахь гулдинчу суьрташ тIехь бевзар бу Мохьмадан доьзалш  – кIентий Тура а, Мурик а,  йоI Зараъ а; яздархочун белхан накъостий – яздархой, журналисташ, цу заманахьлера нохчийн къоман интеллигенцин векалш.

Кора кIел лаьттачу жимачу стоьла тIехь гулбина Мохьмадан жимах волчу вешех Хьамидах болу хаамаш  – иза 1916-чу шарахь вина а, кху юьртарчу школехь 1938–1941-чуй шерашкахь хьехархочун а, цул тIаьхьа директоран  а болх бина ву. Тахана а бехаш бу Хьамидан хилла дешархой – юьртахой  Сайдаев Iумар, Хатаев Ражап, Эльмурзаев Сайд-Ахьмад, Бураев Хьусейн, Дагиев Салавди, Тепсуркаев Мовла, Ахматов Мовлид, иштта кхиберш а.

Сайдаев Iумара дийцарехь, хууш ду 1938-чу шарахь берашна урок луччуьра лаьцна, Iедало Хьамид дIавигар а, цул тIаьхьа гIалатбевлла хилла аьлла, иза юхаваийтар а.  Хууш ду, 1941-чу шарахь Хьамид тIаме вахар а. ТIаьххьара хаам цуьнгара 1943-чу шарахь Нальчик гIалара хилла. Цул тIаьхьа тIепаза вайна лоруш волу Хьамид, 1944-чу шарахь, немцойн мехкашдIалецархойх ГIирма кIелхьара йоккхуш, турпалхо санна кхелхина а, цигарчу Эрмалойн поселкехь советски эскархойн юкъарчу кошахь  дIавоьллина хилар а хиъна. 2015-чу шеран январехь, ТIехьа-МартантIерчу №6 йолчу юкъарадешаран школина Мамакаев Хьамидан цIе тиллина.

IMG_6073

Мохьмадца цхьаьна берийн цIийнахь Iийна а, цул тIаьхьа Москвахь дешна а, Iедалан болх бина а ву вежарех юккъерниг – Сайд-Iали. Цо дийцарехь, цаьрца цхьана берийн цIийнахь хилла Мамакаев Iарби а. ХIорш бухахь болуш, дейиша яханчу невцо кхарна тIевалийна Авторханов Iабдурахьман. Советан Iедало шена гIорторна кхиош, доьшуьйтуш, терго еш хилла иштта байлахь дисинчу берийн. Царах дукхахберш хьекъалца, доьналлица, шайн мехкан хьанал кIентий болуш кхиъна, баьхна.

1931-чу шарахь, ша Москвара, дешна ваьлла, цIавеача, юьрта юккъера шайн ков-керт шаьш дIа ма-къовллара лаьтташ дара, олий а дуьйцура Сайд-Iалис. Дешна ваьллачул тIаьхьа масех шарахь Iедалан болх бина цо, амма лаьцна, набахтехь 16 шо даьккхина. Мукъа ваьллачул тIаьхьа а вовшех хилларг хIун ду ца хууш 25 шо даьлча вовшийн карийна Мохьмадна, Сайд-Iалина. 1958-чу шарахь махках даьхначуьра цIадирзича, кхеран дайн хилла меттигаш Iедалан а, нехан а карахь хилла. Сайд-Iали, Марта хил сехьара латта эцна, ваха хиъна, ткъа Мохьмада, лакхахь билгалдина ма-хиллара,  шайн дас лелийна ирзо схьаэцна. Къонахаллин, доьналлин зIе ца хаьдда МамакаевгIеран. Тахана а, шен девешин цIе ларъеш, Марта-хин бердаш чухерцаш йисте кхачарна, и тогIе жагIа, тIулг, латта духкуш, юзуш, цул тIаьхьа, кхузахь беш дIаен дагахь, кху тIаьххьарчу шарахь къахьоьгуш ву Асламбек. Шайн деден меттигна доладеш, цо лелийна беш денъеш ву Турин кIант Зеламха а. Мохьмадан цIеношкахь кест-кеста хуьлу Турин а, Мурикан а, Зараан бераш а, церан бераш а.

Бакъдерг аьлча, нохчийн къоман бакъволу кIант, воккха яздархо Мамакаев Мохьмад церан а, вайн къоман а хилла Iаш вац. Иза хаало цуьнан библиотека чу ваьлча. Шина а пенаца моггIара терхеш тIехь лаьттачу книгашца го оьрсийн яздархочун Горький Максиман а, балкхаройн яздархочун Кулиев Кайсынан а, ингалсахойн яздархочун Эрнест Хемингуэйн а, иштта кхечу, бевзачу яздархойн а, Iилманчийн а суьрташ. Цо гулдинчу, безамца Iалашдинчу, цара гойту Мохьмадан уьйраш дуьне мел ду яьржина хилар.

63 шо долуш, кхелхинчу Мохьмада, шен Даймахкана, шен халкъана динчу диканах цхьа дакъа даза кхелха наггахь бIе шо кхаччалц ваьхнарг. Ницкъ кхочучу кепара, цхьа минот а эрна ца йойъуш, Дала шена деллачу дешан говзанчин похIмех буьззина пайдаэцна яздархочо. Цуьнан сов цIийнан неIарх кхозу цо тIаьххьарчу Iуьйранна тIеюьйхина хилла коч-кастом а, цо дезаш Iалашдина верта а, кхузахь лаьтта цо шен куьйгайозанаш лелош хилла тIоьрмиг а, хийла новкъа яьккхина чамда а. Кестта 105 шо кхочу Мохьмад дуьнен чу ваьлла, 42 шо кхаьчна иза дIавахана а. Цхьа а шеко яц, нохчийн къам мел деха цуьнан цIе ехарг хиларан а, хIара музей поэтан син совгIатан меттиг хилла ца Iаш, вайн дегнаш, синош цIандо меттиг хиларан а…

Мохьмадан чохь лаьттачу дечиган маьнги тIе охьа а хиъна, кху чоьнан исбаьхьалла, цуьнан ден сийлалла йовза, цхьаъ вукхунна тIаьххье а йоьшуш, церан чулацаман духе кхиъалц ойла а еш, еша езара яздархочун говзарш…

Иштта ца ешахь а, Мамакаев Мохьмадан говзарш ерриге а еша а, царах марзо эца а таро ю. Цуьнан тайпанан ваша а, иза санна доьналла долуш, дика кIант а волчу Мусаев Iалавдин лаамца, Москвахь «Нохчийн литературин библиотеко» СССР-хь араевлла воккхачу яздархочун ерриге а говзарш.

Яздархо хиларх дахаран къилба дина ца ваьхна М.Мамакаев. Яздар – цуьнан деган лехам, син лаам хилла, ткъа дахарехь цо кхочушбина тайп-тайпана белхаш: – партин окружкоман секретарь, Нохчийн областан прокурор, «Ленинан некъ» газетан редактор, «Орга» журналан коьрта редактор и дI.кх. Цуьнан говзарийн чулацамаш санна, цо кхочушбина белхаш а мехала хир бу аьлла хета, амма белхаш дIабевлла, йисина яздархочо шен ойланаш елхийна говзарш.

М.Мамакаевн евзачу поэзехь хьалхара байт ларалучу «Пондарна» тIера, яздархочун кхоллараллин дахаран коьрта билгало йолчу «Даймехкан косташна» тIекхаччалц, ца хедаш чекхйолу яздархочун къонахаллин ойла. Шен Даймохк-Нохчийчоь, цуьнан маршо, да-нана, нохчийн къам, цуьнан хилларг, цо лайнарг, дуьненан исторехь цо дIалоцу меттиг, къаьмнийн доттагIалла, машар… шен дагах, сих, ойланех цо чекхдаккхаза, литтаза, цуьнан тидамза дисина хIумма а дац. Цхьанхьа а ца хаало халачу дахарна цо леткъамаш бар, амма малх кхетачу, сийначу стигала кIел долчу кху там-товр ца хуьлучу дуьненахь долчу дахаран  хама бар, цунна къонахаллин илли алар-м го:

ХIун дитна дIагIур ву аьлла, ас ойла йича –

Дош бен дац, дош бен дац сан долахь дисна.

Цу дашца сайн дика дина дIаваха гIерташ,

Веги со, тем байна, ойланийн цIергахь…   

Поэтан даше кхочуш, цуьнца дуста хIумма а дац, вехаш ву и девзаш, цунах ирсъэца таро ерг.

Жухаргахь воьлуш, ма кегаде ахь,

Сан юьхь тIе гезганах хиттина хершнаш,

Уьш ду халонца къийсалуш лелаш,

Сан деган Iийжамо дехкина некъаш.

Оцу жимачу байтехь шен даг тIехь санна, юьхь тIехь а ша лайначу халоно некъаш дахкарх лаьцна къадийна автора, амма цхьана харцонца шега Iовшийтина хало дегабаамца юьйцуш меттигаш ца тосаелла суна поэтан могIаршкахь. Бакъду, оцу халачу некъашкахь ша тийсина доттагIаллин зIенаш йовзуьйту автора, цул сов, боккхачу Даймехкан – Россин пачхьалкхан –  дахар дебарехь хилла кхиамаш буьйцуш а сакъерало цуьнан. Цунна масал ду  «Йовлига яздина кехат».  «Теркаца къамел деш…Иртышан йистешка» кхачар а, «Даймехкан хьомечу Органе» эвенкера маршалла дIадалар а дуьйцучохь поэта хьахийна кху дахарехь нислучу «веччалгех» а. Иштта даггара дош олуш, Йовлига яздан бакъо дахаран халачу новкъахь яьккхина цо. И довза таро ю «Со шелвелла,

Ша санна, шелвелла лелла:

Ша тIехь оьгуш,

Дарцаца тилвелла лелла.

ГIорийначу

Балдаш тIехь цIий соьцуш…

Со гIийла узам беш лелла»… – дешнашкахь. Мамакаев Мохьмад санначу къонахчунна ала хала долу дешнаш ду уьш. Амма оцу халонех  чекхвала къонахалла  ца тоьънехь, ша лайначу вуочух, харцонца хьийзаварх, сийсаза цIе тилларх, корта айбина чекхвала доьналла тоьъна хир дацара цуьнан. Цу вуонах, цу халонах иштта доьналлийца чекх ца ваьллехьара, шен байтийн а чулацам иштта маьIне хир бацара, бохуш хета автора.

«Оццул дуьне гуш

И некъ ас ца бинехь,

Шелоно чахчавеш, хало ас ца лайнехь,

ХIара узам бан сан йиш хир яцара,

Дог хьадеш,

 Сан илли а хир дацара». 

Леткъамаш бац цуьнан байташкахь, амма дуьненна а евзачу Сталинан жоьжахатах чекхваьлла вахчаваларна, иза охIла ву шен къоман кIенташка, къоначаьрга дикачунна тIаьхьа даза ала.

Нагахь левси кховсучохь,

Болучу суйнах хьо кхерахь,

Накъост, кху халчу пхьалгIахь,

 Пхьар хила хьо хIунда гIерта?

Поэте яздина хета и дешнаш. ПхьалгIахь бен болх атта боцийла хууш ду. Цигахь суй кхетарал сов, ваго а там  бу. Ницкъал сов, собар а оьшу цу балхахь. Цунах тера бу поэтан болх а. Дош ала хьо кхоьруш велахь, я и ала хьан дацахь, яздархо хила хьо хIунда гIерта, бохург хета и дешнаш. Ткъа Мамакаевн ала дош  хиллий а, цо и кхоош ца хиллий хаьа вайна, амма хан ца тоьъна-кх цунна…

Стоьла йисте хиъна, цунах болх бина, язъен стихаш яц поэтан стихаш. Цунах лаьцна иштта яздо цо:                                                                         Тийначу суьйренца суо висча,                                            

Ойлайой кехат ас схьаоьцу,                                                           Кечвелла стих язъян со хиъча,                                                         

Кху стоьл тIехь стих гучу ца йолу,                                                                     ГIаьттина аренга ладоьгIча,                                                                       

Лаьттера майра стих чуйогIу.                                                                  

Оцу могIанашкахь автора боху аренга ваьлча, адамашна юккъе ваьлча, дахарехь хуьлучу керлачуьнга ладоьгIча, и гича, «майра стих» кхоллало.  Стихаш тIехь а, кхийолчу яккхийчу произведенеш тIехь а дукха болх бина Мамакаевс, республика меттахIоттийначул тIаьхьа, дуккха а къахьегна къоман литература а, цуьнца цхьаьна къона яздархой а кхиорехь. Керла дахар тодаладоьлча, цунах Iехавала меттиг ца юьту цо шена, мелла а, алссам къахьега дезаран ойла йо.                                                                            «Дагалахь сан дог, вайшинна йисинарг дукха хан яц» яздина цо 1958-чу шарахь  язбинчу 4 могIанехь. Поэтана шен хан дукха-кIезиг ю хаар а дац иза, амма мел дукха вахарх а лаьтта тIехь тоъал ваьхнарг цахиларна, цул сов, лайначу халонаша могашалла а йитина цахиларна а, кху йисинчу хенах дог Iабош, ма-луъу вахар дац поэта дуьйцург, амма:                                                                     «Махкана  хьанал  латта,                                                                                                                             

Мохк ларбеш йогу цIе Iалашъеш гIатта».                                                                   

2015-чу шеран 16-чу декабрехь 105 шо кхочу нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочун Мамакаев Мохьмадан. Оцу денца цуьнан говзарш езаш берш декъал а беш, ала лаьа, Дала дебадойла шу!  Шеко яц, цуьнан дахар а, кхолларалла а вайн къоман тIаьхьенашна дуккха а бIеннаш шерашкахь дикаллин масал хилла лаьттарг хиларан.

САРАЛИЕВА Табарак

№142, шот, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2015 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *