Окуев Шима дуьнен чу ваьлла 80 шо кхачарна…

Нохчийн гIараваьлла яздархо, поэт, СССР-н Яздархойн союзан декъашхо Окуев Шима (1937–1986-гIий шш.) дуьненчу ваьлла 80 шо кхачарна лерина даздарш дIадаьхьира лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь Нохчийн къоман театрехь.

Театран хьажархойн залехь гулбеллера искусствон а, культурин а векалш, Iилманан белхахой, яздархой, поэташ, Хьамидан Шимин гергарнаш, цуьнан кхолларалла езархой.

Безачу хьешийн могIарехь Россин Яздархойн союзан секретарь Голубничий Иван, юридически Iилманийн доктор, профессор Мусаев Iалавди, Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, дуьненна а вевзаш волу актер Омаев Дагун, кхиберш а бара.

Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нурадилов Ханпашин цIарахчу къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхо-директор Ахмадова Хьава.

Къамелаш динчара билгалдаьккхира Окуев Шимин кхолларалло нохчийн литературехь йоккха йитина лар. Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президента Дадашев Райкома, филологин Iилманийн доктора, профессора Джамбеков ШаIранис, литераторша Кусаев Iадиза, Мамакаев Эдуарда Шимица шайн хиллачу белхан а, доттагIаллин а зIенех лаьцна дийцира.

Царал тIаьхьа вистхилира Россин Яздархойн союзан секретарь Голубничий Иван. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира Окуев Шима XX-чу бIешеран шолгIачу декъехьлерчу нохчийн тоьллачу яздархойх цхьаъ хилла хилар.

– Окуев Шимин кхолларалло боккха тIеIаткъам бина нохчийн литературина, нохчийн кхетамна, нохчийн синна, – элира цо.

Юридически Iилманийн доктора, профессора, Нохчийн литературин гIоьналлин фондан куьйгалхочо Мусаев Iалавдис хаийтира «Окуев Шима» мидал юкъаяьккхина хилар. Цо билгалдаккхарехь, и мидал юкъаяьккхина Евразин Яздархойн лигин а, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан а, Россин Яздархойн союзан Москварчу организацин а, Нохчийн литературин гIоьналлин фондан а векалийн сацамца.

Циггахь Мусаев Iалавдис и мидал елира культурин а, искусствон а века лшна: Iилманча-филологна Джамбеков ШаIранина, яздархо а, поэт а волчу Кусаев Iадизана, республикин Яздархойн союзан председательна Ибрагимов Кантина, Нурадилов Ханпашин цIарахчу Къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхо-директорна Ахмадова Хьавана, иллиалархочунна Исмаилов Ризавдина, яздархошна Мамакаев Эдуардана, Ахмадов Мусана, Бексултанов Мусана, журналистана Караев Русланна, театран актерана Халиков Ризванна, кхечарна.

Цхьаьнакхетарехь Окуев Шимин байташ тIехь даьхна иллеш элира Исмаилов Ризавдис, Дудаев Зеламхас, Асламбекова Раянас, Межидов Сахьаба, Кагерманова Раисас, «Грозный» тобано, Сатуев Лоьмас, кхечара.

Нурадилов Ханпашин цIарахчу Къоман театран актераша ХХ-чу бIешарахьлерчу нохчийн яздархошна леринчу «Нохчийн махкахь – нохчийн маттахь» спектаклан дакъа гайтира. Цу юкъахь Окуев Шимин васт гайтира театран актера Халиков Ризвана.

– Шима 49 шо долуш кхелхина. Делахь а, цуьнан произведенеш тахана а мехала а, оьшуш а ю. И дара баккъал а доккха похIма, яздархо иза хилар – олуш, цхьаьнакхетаран чаккхенехь вистхилира яздархо а, драматург а волу Ахмадов Муса.

И.ИСЛАМОВ

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *