Саралиева Табарк

Махка бохам беача, дена, вешина, цIийнадена юххе хIоьттина, тIом бан, шеца кхин накъост воцуш, шех тешна доьзал бисича, кхечу дуьнен тIе яхана я лаьтта бухара цунна рицкъ лаха, шен цIийнада деэшна, кIелвисича, иза а, доьзал а, олуш ма-хиллара, дукъ дIакхехьа хьуьнаре болчу нохчийн зударех цхьаъ ю Саралиева Табарк, республикехь дика евзаш йолу журналист, публицист, газетан редактор.

Саралиева Табарк йина 1955-чу шеран кхолламан (февраль) беттан 18-чу дийнахь Казахстанехь Целиноградан областерчу Ильинка юьртахь. Цигара доьзал Хаьмби-Ирзе цIабирзинчул тIаьхьа, йоьIан ши шо долуш, да-нана вовшахкъаьстина, Табаркан дагна йина чов хIинца а, цул тIаьхьа кхузткъа шо гергга хан яьлча а, ерзаза ю. Дахаро ца хьистина Табарк, гина цуьнан дика а, вуон а агIонаш. Шина дестечуьнца яха дийзира, йоI вуон а ца лелийра цара. Амма ненан къинхетамечу дагах а, хьомечу куьйгех а марзо ца ийцира. Зудий, цIийндай дIасакъаьстича, бераш я да, я нана йоцу байш хилла дуьсуш а, шаьш уьш заьIап деш а хиларан ойла хIунда ца йо-техьа барт боьхначу доьзалехь.

«Тхан дас шозза зуда ялийна тхан нанна тIе. И бахьана долуш дIаяхара тхан нана, – дагалоьцу Табарка. – Тахана сайн кхузткъа шо кхаьчначу локхаллера ойла йича, кхета, нанас бер охьадиллал доккха бахьана иза цахиларх. Ненан къинхетам даима а эшна суна. Сайн бер марадоьллича, кхетта со муьлхачу ирсах яьлла хилла, сайна стенна иэшам хилла. Нана дуьнен тIехь а йолуш, цунах хьегар жима болх бац».

Шайн юьртарчу школехь дийшира Табарка. Дика дешарца билгалъяьлла а яра. Юьртан библиотекин белхахой цецбуьйлуш хуьлура цо дукха книгаш ешарх. Цкъацкъа Табарка еша яьхьна книга цо сихха юхаяьхьча, йоI иза ешна яьлла хиларх ца тешаш, цуьнга хоттура и книга стенах лаьцна ю, цу тIехь хIун дуьйцу.

«ДагадогIу суна, – дагалоьцу Табарка, – Н.Музаевн «Замза» цхьана буьйсанна ешна елира со. Ткъа М.Мамакаевн «Зелимха» книга араяьлча, тхешан дега Соьлжа-ГIалара леррина эцна, яийтина, йийшира ас иза».

Мисхал а шеко яц дешархочунна дуьне довзарна алссам тIеIаткъам хьехархочо беш хилар. Оцу декъехь даггарчу ларамца дагалоьцу Табарка Хаьмби-Ирзин школехь нохчийн мотт хьоьхуш хилла Алимханов Товгир а, оьрсийн меттан, литературин хьехархо Шахабова Зоя а.

– Нохчийн фольклоре, иллешка, литературе уьйр-марзо кхиорна гIо дора Товгиран урокаша. Цунах тешийра ас сайн дуьххьарлера байташ а, – дуьйцу Табарка, – амма царах дахаран некъ ца хаьржира, Мамакаев Мохьмаде а я Пушкин Александре со кхачалур яц, цундела эрна хан яйа а ца оьшу, аьлла, ойла яра сан. Схьахетарехь, сан хьехархочо хадийна мах кхин лакхара цахилар а хир дара коьрта. Товгир хьехархо хилла Iаш вацара, иза Iеламстаг а вара, ткъа иштта волчуьнга ларам алсам хилла нохчашлахь.

– 60–80-чуй шерашкахь кхиинчу дукхахболчеран дуьнене хьежам XIX-чу бIешеран оьрсийн литературехула бара, аьлла хета суна, – кхидIа а дуьйцу Табарка, – оцу заманан литература кIорггера евзаш а, иза доггах шен дешархошна йовзуьйтуш а яра тхан хьехархо Шахабова Зоя. Цуьнгара литературе безам хьовха, нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин масалш а девзара тхуна. ДагадогIу, цкъа шен кIант марахь схьайогIучу цунна дуьхьал воккха стаг кхетча, цо и кIант лайла охьавиллина ша къайлаелира, бохуш юьртахь дийцина. КIезиг бацара цунах цецбийлинарш а, амма воккхачу стеган велхар а иккхина, кIант лайлара схьа а эцна: – Велла вала со, Советийн законаша нохчийн гIиллакх цадохорна ма воккхаве со. Вуьшта, со Дудин ИсмаьIал-м вац, амма кIантана дала сом-м карор ду, – аьлла, кIант дIахьарчийначу юргIанна тIома кIел сом диллина, лулара зуда кхайкхина, кIант нене дIавалийтинера, бохуш хезначул тIаьхьа, нохчийн зуда муха хила еза бохучу хаттарна жоп карийра тхуна, юьртарчу мехкаршна.

Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Табаркан кхоллам хилира ШаIми-Юьртарчу жимачу стагаца дахар доза.

ШаIми-Юьртарчу школехь 5–6 шарахь библиотекаран болх бира цо. 1976-чу шарахь университете оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин факультете деша яхара. Дика доьшуш, иза чекхъяьккхира цо 1982-чу шарахь. Цул тIаьхьа ШаIми-Юьртарчу школехь хьехархочун, ткъа 2000– 2009-чуй шерашкахь завучан белхаш бира.

Цхьана-шина шарахь цамгар текхна, 1991-чу шарахь, шен 44 шо хан йолуш, кхелхира Табаркан хIусамда. Жимачу кIентан ялх бутт а, воккхачун 13 шо а долуш, пхеа бераца йисира иза. Дерригенал а сов, цIийнда кхелхина бутт а балале цIеххьана дIавелира Табаркан да а.

– Дай-м массеран а бу дика, – дагалоьцу цо, – амма сан да ден-ненан а, дикачу накъостан а метта вара. ТIехIиттина бохамаш а, доьзална рицкъ латто болх-некъ а, алапа а, пенси а доцуш йисар а лан доккха хьуьнар оьшура. Иза шегахь карийра Табаркана. Цхьана а дийнахь пхьор доцуш чу ца берзийтира цо шен доьзал. Нахал тоьлла ца хиллехь а, амма царал оьшуш боцуш кхиийра цо иза. ТIехь да вацара аьлла, царах цхьа а гал ца велира. Кхо кIант а, ший йоI а, лаккхарчу дешаран заведенеш чекхъяьхна, балхаца дIанисбелла, шайн доьзалш а болуш бехаш бу, оьздачу нанас ийманехь, гIиллакхехь кхиийна нехан сий-ларам а болуш.

Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, цунах едда шен доьзалца цхьаьна, Саратовехь вехачу шен вешина тIеяхара Табарк. Цига ша баьхьначу некъах лаьцна 2008-чу шарахь материал язйира «Дашо пелаг» конкурсе, «Нохчийчоь, хьо ца хиллехь…» аьлла, цIе а йолуш. Цунна конкурсехь хьалхара меттиг магийра. И бахьана долуш «Даймохк» газетан редакце балха яр нисделира Табаркан. Цо дийцарехь, иза даима а яра журналистан болх дукхабезаш. Амма жима йолчу хенахь тIехь нана а йоцуш, юьртахь кхуьуш йолчу нохчийн йоIана оцу корматалле сатийсар бен кхин даха дог долуш хIума дацара.

«Даймохк» газетан редакцехь соьга шаьш хьуьйсуш, Iаш хилча санна, тIеийцира со, – дагалоьцу Табарка. – Болх караберзорехь массара а гIо-накъосталла дира. Журналистан корматалла дерриге а дакъошкахь хаарш хила дезаш ма-ю. Цундела хIора дийнахь болчу балхахь дукха хIуманаш нисло хатта а, дагаяла а езаш. Цу тIехь боккха аьтто нисбелира сан редакцехь. Сан кхиамаш иштта белхан накъостий ца хиллехьара хир бацара».

Белхан коллективах сихха дIаийра Табарк. Корреспондентан болх а сихха карабирзира. «Цу тIехь суна доккха гIо-накъосталла хилира школехь доьшуш йолуш ас ешна книгаш а, университетехь дика дешар а», – дагалоьцу Табарка. Керлачу белхахочун дика, чулацаме нислора муьлххачу а темина язйина материалаш. Амма дагах къаьсттина чIогIа хьакхалуш хуьлура дешарх, могашалла Iалашъярх, нохчийн зударех, къоман гIиллакхех, доьзалх лаьцна язйинарш. Ткъа дахаран зеделлачо къаьсттина гергара йина цунна зударийн тема.

«Даима а зударийн тема гергара хилла суна», – дуьйцу Табарка. – «Вай мел чIогIа йоккха маршо яккхарх, божарийн юкъаралла зударий лоруш ца хилахь, нохчийн зударий мисканаш хир бу».

ХIара диъ шо ду Табарк генна лаьмнашкахь йолчу Итон-Кхаьллан кIоштан «Ведучи» газетан редакторан болх беш йолу. Цуьнан куьйгаллица арахоьцуш долчу газетан чулацамна а, кечдарна а реза бу кIоштан куьйгалхой а, газетдешархой а.

Табарк миччанхьа а болх беш хилча а, накъосташа лоруш а, сий деш а ю. Массаьрца а кIеда-мерза, ийна, шен леларехь, тIеюхучу бедарца оьзда ю. Доьналлица а, ойланца а хьуьнаре ю. Хьалха олуш хилла: «Хьера яхча, хьала а айъина, шен цIийндена гали гидилла ницкъ болуш хила еза зуда». Оцу декхарца атта ларор йолуш ю Табарк. Цуьнан оьздангаллин, ийманан уггаре а мехала а, Дела резаволу а агIо ю Табарк ламаз-марха даггара лелош хилар. ХIора шеран фарз марханаш кхаьбна ца Iаш, амма суннат марханаш а, кIиранан билггал долчу денойн марханаш а, цхьа а юкъах ца дуьтуш, кхобу цо. Дала къобалдойла цуьнан уьш.

Табаркан хьанал къинхьегам пачхьалкхан совгIаташца билгалбаьккхина республикин куьйгалло. 2012-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист» аьлла цIе тиллина. Культурин министерствос «Культура кхиорна» аьлла йолчу билгалонца совгIат дина. Иштта цунна елла Мамакаев Мохьмадан орден а, дуккха а кхидолу совгIаташ а. Табаркан цIе дика евзаш ю республикин журналистийн юкъараллехь.

С.МАГОМАЕВ

№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *