Къоман бохамах дуьххьара тептар яздинарг

Нохчийн къоман 1944-чу шеран 23-чу февралехь хиллачу инзаре боккхачу бохамах – дерриге а халкъ махкахдаккхарх, 1980-чу шерийн чаккхенехь, махкахь перестройка дIайолаелча, уггаре а хьалхара тептар яздира, шен заманахь гIараваьлла вевзаш хиллачу яздархочо Абдулаев Зиявдис – «ЦIерш гIиттар» цIе йолу повесть. Оцу бохамах йолу шолгIа книга – «ЦIунаш хIаллакбар» боху роман – цо арахийцира 1992-чу шарахь.

Ziyudin__Abdulaev-2

Суна дагадогIу «ЦIерш гIиттар» цIе йолу повесть дуьххьара зорбанера араяьлла денош. Исторехь а, дахарехь а бакъдерг дийца долийна хан яра иза. Цунах хьаьгна болчу нохчашна а, гIалгIашна а боккха кхаъ хилира шаьш махках дахарх а, Казахстанан а, Юккъерчу Азин а аренашкахь лайначух а лаьцна дуьйцуш долу и хьалхара тептар арадаларх.

Туьканашка охьаяхка ца юьтуш, сиха дIасаяьржинера цуьнан книгаш. Нохч-ГIалгIайн телевиденехь болх беш волу со оцу деношкахь Москвахь вара телевиденин а, радион а белхахойн хаарш лакхадахаран Ерригсоюзан институтехь доьшуш. Цундела суна ца кхечира иза. ЦIа веача, Соьлжа-ГIалин книгаш юхкучу ерриге а туьканашкахула чекхвелира со и повесть лоьхуш. Республикин яртийн кIошташка-м и книга кхаьчна а яцара. Массанхьа а цхьа жоп дара суна йохкархошкара хезарг: «Ахь дуьйцург хIун ду? И книга-м гIопаста тIе охьайилла ма ца кхуьура тхо…».

Дог доьхна хьийзаш волчу суна цIеххьана, лов-в аьлла, кийрахь цIе а кхерсташ, дагадеара: «Ас лелориг хIун ду, эрна когаш бетташ? Зиявди ма ву суна дика вевзаш – ас цунах лаьцна телепередачаш а кечйина, телевиденин документийн очерк а яьккхина кинопленки тIе. Иза-м хир ма вац суна яла цхьа книга йоцуш. И волчу ваха веза со оцу повестах лаьцна передача кечъян», – аьлла.

ХIетахь Зиявди Соьлжа хийисттехь, Госпитальни а, Лермонтовн а урамийн сонехь, «Сихачу гIоьнан» станцина уллохь жимачу цIа чохь Iаш вара – тахана машенаш тоен пункт а, «Смак» цIе йолу кегийчу тIулгех пенаш доьттина йолу кафе а ю, хIетахь Зиявди ваьхначу, дитташа а, кондарша а хазйина лаьтташ жима, готта уьйтIе хиллачохь.

Сайца кинооператор а вуьгуш, Зиявди волчу вахара со. Краснодарерчу Федоровн цIарахчу бIаьргийн клиникин лоьраша операцеш ян Нохчийчуьра бIаьрса ледара долу нах дIабига болийна хан яра иза. Цига вахана, бIаьргашна операци яйтина, цIа веана хиллера яздархо, со вале ши-кхо де хьалха. Ас Зиявдица къамел дира.

Халахеташ делахь а, цо телевиденина елла тIаьххьара интервью хиллера иза. Цо суна шен гIараяьлла книга елира, баркаллин, дешнаш тIе а яздина. «ЦIерш гIиттар» повесть ас таханлерчу дийне кхаччалц схьа а еана, иза хIинца а сан библиотекехь ю Зиявдин «ЦIунаш хIаллакбар» а, «Оранша» а, «Iаьссин йистошца» а, кхийолу а говзарш санна.

IMG-20160729-WA0014

«ЦIерш гIиттар» повестан а, «ЦIунаш хIаллакбар» романан а коьрта турпалхо Зураб ву. Иза ша Зиявди хилар цуьрриг а шеко йоцуш ду, хIунда аьлча нохчий а, гIалгIай а махках бохуш берхIитта шо кхаьчна жима стаг хилла яздархо, шен коьрта турпалхо Зураб а санна. Цо иштта яздо повеста тIехь:

«Юьртахь (нохчий махках баха кечам бан баьхкина – К.I.) ах шо доккхуш, берриге а эпсаршна юьхьадуьхьал дика вевзинера шайн талмаж. Ца вевзачара (нохчий арабаьхначул тIаьхьа – К.I.) маситтазза сацийнера Зураб, нохчийн духар дуьйхина волу дела. Иза мила ву хиъча, бехказа буьйлуш, дIавохуьйтура… Ерриге а юьртахь, цуьнан къомах волу (нохчех – К.I.) НКВД-н масех жоьпаллин белхахо воцург, цхьа а вевзаш стаг ца висинера берхIитта шо кхаьчначу Зурабна, шен деган лазам бекъа…». Цундела, Зураба лайнарг дерриге а ша яздархочо лайнарг, цунна гинарг, хезнарг ду.

Абдулаев Зиявди винера 1926-чу шеран 1-чу августехь Нохчийн Автономни областан ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь. Ша винчу юьртахь юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, жима стаг деша воьду Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь болх беш хиллачу белхалойн факультете (нохчаша рабфак олура цунах – К.I). Цигахь доьшуш чекхбевлла бу цхьамогIа гIарабевлла бевзаш хилла нохчийн яздархой: Авторханов Iабдурахьман, Мамакаев Мохьмад, Мусаев Мохьмад, Сулаев Мохьмад, кхиберш а. Рабфакехь дешарца цхьаьна Зиявдис доьшу Соьлжа-ГIаларчу исбаьхьаллин студехь а – суьрташ дахка Iемаш.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалуш рабфакан кхоалгIачу курсехь доьшуш вара пхийтта шо долу Зиявди. Амма иза юьстахваьлла ца лаьттира Даймахкана тIебеанчу бохамна: тIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна «Советийн Союзан телеграфни агентствон корийн» (ОКНА ТАСС – К.I).

Соьлжа-ГIалин декъехь болх бан волавелира иза. ГIали юккъехь лерринчу гурашкахь цIенойн пенаш тIехь а, лерринчу стендаш тIехь а дIаухку хаамаш бара цара кечбийраш, суьрташ дохкуш, тIамехь а, тылехь а хуьлуш долчух лаьцна болу.

«ТАСС-н Корашкахь» Зиявдис бинчу балхах лаьцна иштта яздо литератураталлархочо Арсанукаев Iабдуллас: «Исбаьхьаллин дашца, суьртийн, плакатийн гIирсашца адаман ойла фашисташна дуьхьалъяккхарехь доккха гIуллакх дора Соьлжа-ГIаларчу «Окна ТАСС-н» белхахоша. Царна юкъахь вара къона Абдулаев Зиявди а.

Даймехкан тIамехь болчу бIаьхойх лаьцна материалаш кечйора цо. Иштта, Шуьйтан кIоштарчу вежарийн ДзухайраевгIеран бIаьхаллин хьуьнарех лаьцна стихотворени а, йоккха очерк а йолуш плакат арахецнера цо. Иза Абдулаев Зиявдин дуьххьара зорбане валар ларалуш ду».

Оцу дерригено а кIелхьара ца ваьккхира Зиявди нохчийн къомана хиллачу бохамах – 1944-чу шеран 23-чу февралехь махках ваьккхира иза а, дех-ненах а, йиша-вешех а воккхуш. Цуо ша иштта яздо шен «ЦIерш гIиттар» повестехь:

«Дех хIун хилла ца хууш, сагатдеш волу Зураб юьртахь лаьттачу бIаьхаллин декъан комендатуре вахара. Шена хьалха Iохкучу карточкийн цхьа туп кегийна, дежурни эпсара схьахаийтира, цуьнан да хьалхарчу шалонца дIахьажийна аьлла. Муьлхачу бакъонца дIахьажийна къанвелла стаг даьхни дIасакхуьйлучу вагон чохь аьлла, Зураба динчу хаттарна, делар оьккхуьйтуш, жоп делира эпсара:

– Хьо хьера-м ца ваьлла? Бакъонаш лоьхуш ву стаг! Брянски хьаннашкахула тилаелла лелаш ю хьан бакъо. Оцу тIе полковникца цхьаьнагIуллакхдеш а ву хьо…».

Казахстанехь цхьана кIоштан туьшахь болх беш, масех шо даьккхира Зураба, да а, йиша а, ненанана а лоьхуш, амма уьш ца карош. Йишина шена карийра иза: «Матрена Николаевна (Зураб чохь вехачу хIусаман нана – К.I)… нана санна, ховха хьоьжура шен хIусамехь вехачуьнга. ЦIийнан кевнехь бен цо ца хаийтира цуьнга:

– Хаьий хьуна, къонах, хьайн йишигара Асегара, телеграмма еана хилар. Кестта схьаян езаш ю иза. Ас Илька хьан чу дехьаваьккхина.

Амма Ася а, цуьнан ши шо кхаьчна волу жимха Эдик а хIинцале цIахь бара. Йиша, елха а йоьлхуш, мараиккхира вешина, ткъа, воьхна, цуьнан жимха ненан букъа тIехьа лаьттара, гIеххьачул кхера а велла, хуьлучуьнга хьоьжуш. Йиша яйн дIа а теттина, Зураба куьйгаш кховдийра цуьнга: – Схьавола, маракхета хьайн ненавешина…

– Дерриге а кхерамениг тIаьхьа дисина хIинца, хьо а, вайн да а дийна а, могаш а хилчахьана, – элира йишас, чохь шарам бан а болош…», («ЦIерш гIиттар». Хаьржинарш. Москва, 2009 шо. 132 агIо. Дерриге а гочдарш ас дина ду).

Казахстанехь Чимкентски областехь дIадахара Абдулаев Зиявдин дахар. Цигахь цо 1946-чу шарахь чекхъяьккхира гIишлошъярхойн техникин училище. ХIетахь дуьйна прорабан а, мастеран а, дIасалелачу гIишлошъяран колоннин куьйгалхочун а, гIишлошъяран-монтажан урхаллин куьйгалхочун заместитель а волуш, белхаш бира Казахстанехь, Краснодаран махкахь, ГIебартойн-Балкхаройчохь , Нохч-ГIалгIайчохь. И белхаш беш цунна а, цуьнан накъосташна а тIеIиттаеллачу халачу, адамалла, амал, стогалла буьрса зуьйчу киртигех дуьйцуш ю яздархочун цхьамогIа говзарш – «Iаьссин йистошкахь», «Есаллехула чекхболу некъ» повесташ а, «Трасси тIехь хилларг» дийцар а, кхиерш а. Иза бакъ до хIокху могIанаша а:

«Со шен цхьана декъан куьйгалхо волчу промыслови геофизикин тресто шена тIелаьцнера (гIуллакх Мангышлак ахгIайрен тIехь ду, Казахстанехь – К.I) шен гIишлошъяран декъан ницкъашца кхоъ жоьла а, жаIушна чохь Iен цIенош а дар. Цхьа даьхнилелоран комплекс, хьалххе ян а йина, дIаеллера «Менгитаусски» совхозана. Суна тIедиллира сайн жимачу гIишлошъяран коллективан ницкъаца йисина ши комплекс яр. Оцу Iалашонца аьхкенца Кара-Кумыйн есаллин гIум-аренашка ваха дийзира сан». («Есаллехула чекхболу некъ»).

Жима волуш дуьйна а исбаьхьаллин литература дукхаезаш хилла волчу Абдулаев Зиявдин, яздархочун а, журналистан а похIма къеггина гучуделира дIадаханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерийн юьххьехь. Иза хIетахь вехаш а, болх беш а хиллачу Къилбаседа-Казахстанерчу Ленгер гIалин «Ленгерский рабочий» газетан агIонаш тIехь 1953-чу шарахь дуьххьара зорбане девлира Зиявдин доцца дийцарш а, очеркаш а.

Цул тIаьхьа цуьнан говзарш зорба туьйхира 1955-чу шарахь Казахстанехь, Алма-Ата гIалахь леррина нохчашна а, гIалгIашна а арахеца долийначу «Къинхьегаман байракх» газетан редакцис. Казахстанера а, Юккъерчу Азера а нохчий цIабирзинчул тIаьхьа кхин а жигара белира яздархочун кхоллараллин болх.

Цуьнан повесташ, дийцарш, очеркаш кест-кеста гучуюьйлура республикин газетийн а, «Орга» альманахан а, Москвахь арадуьйлучу «Юность», «Дружба народов» журналийн а, Нохч-ГIалгIайчоьнан литераторийн а, публицистийн а юкъарчу гуларийн а агIонаш тIехь.

Абдулаев Зиявдин хьалхара книга, «Iаьссин йистошца» цIе ерг, зорбанера араелира Нохч-ГIалгIайн республикин издательствехь 1975-чу шарахь. Цунна юкъаяхара изза цIе йолу по-весть а, «Оранша», «Трасси тIехь хилларг» а, «Хийраниг» а дийцарш, «Балкхаройн Гаврош», «Дуй биъна доттагIий», «ХIолламна уллохь зезагаш», «Йижарий», «Ветеранаш» очеркаш а.

Оцу книгех лаьцна литератураталлархочо, филологин Iилманийн доктора Айдаев ЮшаIа шен хенахь яздора: «Зорбанера араяьлла Абдулаев Зиявдин хьалхара книга; авторан шеко йоцуш долу похIма гучудаьккхина цо. Корматаллехула гIишлошъярхо волу иза, дахар дукха дезаш а, цуьнан уггаре а башха бакъонаш йовза лууш а волу лехамечу хьекъалан стаг ву.

Уггаре а хьалха цо тидам тIебохуьйтург адам а, цуьнан гIуллакх а, синан хьал а, тайп-тайпаналла а, тайп-тайпанчу халкъийн векалшна вовшийн дезар а, вовшашца лехаме а, жоьпалле а хилар ду. Яздархо чIогIа сема ву дашца, хаарца пайдаоьцу цо суртхIоттош халкъан къамелан маттах. Цуьнан говзарийн васташ дагахь лаьттардолчарах ду».

1988-чу шарахь араелира З.Абдулаевн кхолл араллин коьрта книга «ЦIерш гIиттар» – нохчийн а, гIалгIайн а исторехь хиллачу уггаре а боккхачу бохамах хьалхара тептар. Цул тIаьхьа, 1992-чу шарахь, зорба туьйхира цуьнан «ЦIунаш хIаллакбар» цIе йолу оццу бохамах йолу роман.

Оцу романал сов, книги юкъаяхара хьалха зорбанехь хилла повесташ а, керла «КIело» а, «Аренин турпалш» а дийцарш а, «Авторханов а, перестройка» а, «Дагалецаман магин тай» (Мамакаев Мохьмадца хиллачу цхьаьнакхетарех а, къамелех а лаьцна а), «Гусаран дахарера масех хилам» (Яндиев Жамалдех лаьцна а болу дагалецамаш).

Ша зорбанера араелира З.Абдулаевн гIараваьллачу гIишлошъярхочух, керлахочух, бригадирах, Социалистически Къинхьегаман Турпалхочух Хаджиев Шамсуддих язйина йоккха очерк – «Шамсуддинан седа».

Яздархо кхелхина (иза бакъдуьнена вирзира 1994-чу шеран 23-чу сентябрехь, Нохчийчохь хьалхара тIом болабалале нийсса кхо бутт а, бархI де а хьалха) пхийтта шо кхочуш, Москвахь нохчийн литература кхиорна гIодаран Фондо (куьйгалхо – яздархо, юрист, юридически Iилманийн доктор Мусаев Iалавди) 2009-чу шарахь арахийцира Абдуллаев Зиявдин «Хаьржинарш».

Цунна юкъаяхара яздархочун кхо повесть, цхьадолу хьалха зорбанехь хилла дийцарш а, очеркаш а, дагалецамаш а. Цунна юкъадахара иштта хьалха цкъа а зорба тоьхна доцу дийцарш («Олхазаран дог» а, «Фашизман юьхь (сержантан Маашевн дийцар)» а, «Толаман салти» очерк а…

Кхузахь билгалдаккха деза, кхин а цхьа хIума: нохчийн къоман исторехь хиллачу инзаре боккхачу бохамах уггаре а хьалха тептарш («ЦIерш гIиттар» а, «ЦIунаш хIалакбар» а) яздарна З.Абдулаевна дина доккха совгIат. Нохчийн халкъ махках даьккхина шовзткъеитт шо кхочуш, 1994-чу шарахь Нохчийн Республикин Министрийн Кабинето, №64-р йолуш 29-чу мартехь бинчу сацамца, нохчийн халкъана тIехь латтийна Iазап Iора даккхарна Правительствон Баркал- лин кехат делира, ахчанца совгIат дира яздархочунна, цо динчу Iаламат мехалчу гIуллакхан лаккхара мах а хадош.

Абдулаев Зиявдин – сайн воккха доттагI хиллачу яздархочун – ерриге а говзарш хаза а хета суна, воккхавеш еша а йоьшу ас. Амма суна уггаре а дукхаезарг «Iаьссин йистошкахь» повесть ю.

Шеко яц – цуьнан коьрта чулацам Iаьсс-хина тIай тиллар хилла ца Iаш, шен нохчичуьнца Алиха- нов Гириханца тасаделлачу вошаллин доттагIаллех а, кхолламехь шаьшшинна тIеIиттаеллачу халачу а, ирсечу а киртигех а долу къеначу гIалагIазкхичун Волков Федоран дийцар хилар. Цуьнан коьрта маьIна – тIамо дерриге а хIаллакдеш хилар, машаречу къинхьегамо дерриге а кхуллуш хилар.

«Вуон хIума ю тIом, сан доттагIий, вуон, – дуьйцу Волковс. – Амма адамаш, къаьсттина махкахой, цо вовшашна тIеттIа узу, гергара бо… Иштта, японцашца хиллачу кампанехь цо со цхьаьнатуьйхира цхьана нохчичуьнца. Гирихан яра цуьнан цIе, ден цIе лелайора цо – Алиханов. ЦIера Котар-Юьртара вара иза.

Тхан станицина гена йоццуш лаьтташ юрт ю иза. Дика накъост вара иза, гуо биллина хьуьнан экха санна, оьгIазе хиллехь а. Оьрсийн мотт ледара хаахь а, амма кхеташ буьйцура цо. Оцу тIе адамех къехкаш вара иза, шегара дош даккхалур доцуш. Тхойшиъ махкахо волу дела, тхойшиннах ши доттагI вира салтийн кхолламо. Соьца бен ца доькъура цо дерриге а.

Вовшахвуьйлира тхойшиъ хине дIасаваккхалур воцуш. Юуш-молуш цхьаьна вара, нехан махкахула говраш хихкира цхьана эскадронехь. Кавказан гIиллакхаш лардеш, говраш а хийцира охашимма, доттагIалла кхин а чIогIа хилийта. Японцашца хиллачу тасадаларшкахь суна тIе хала киртиг хIоьттича, даима а суна уллохь нислора Гирихан. Ткъа ас маситтазза кIелхьараваьккхира сайн махкахо…».

ХIара очерк Абдулаев Зиявдин кхоллараллех лаьцна Арсанукаев Iабдуллас аьллачу дешнашца чекхъяккха лаьа суна.

«Нохчий а, кхидолу халкъаш а махках дахаран тема шуьйра айъинчу хьалхарчу яздархойх вара Абдулаев Зиявди. Зорбанера ара ма-евллинехь Iаламат боккха кхиам хуьлура цуьнан произведенийн, – яздо I.Арсанукаевс. – ХIинца а наха дукха йоьшучарна юкъахь ю уьш, Уьш юх-юха зорба а тухуш, кест-кеста арахоьцуш ю».

ХIора яздархочун доккха ирс ду иза – халкъана дагахь латтар.

КУСАЕВ Iадиз

№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *