У.Саламов – юха а WBO версихула Европин чемпион

Дукха хан йоццуш Украинерчу Черкассы гIалахь «Будивельник»  спортан клубехь вежарийн Кличкон К2  Promotions Ukraine компанино вовшахтоьхначу корматаллин боксан суьйренахь Нохчийн Республикера Саламов  Iумар цхьаьнакхийтира Польшерчу Адамек Томашца.

ДегIан йозалла 79 йолчу кийла категорехь Европин WBO версин чемпион волчу нохчичуьнца цхьаьнакхетта поляк зеделларг алссам долуш вара (23–11–2–9). Цундела и тасадалар хилале теша атта дацара 20 шо долуш волчу вайн махкахочо толам боккхург хиларх. Амма цхьаьнакхетар дIадоладаларца Саламов Iумара гайтира ша шен «довхочуьнца» лата кийча хилар. Хьалхарчу раундехь вайн къона махкахо сих а ца луш летара Адамек Томашца. ШолгIачу раундехь Адамекан латар девзичу нохчичо нокдауне вахийтира иза. Амма поляк хьалагIаттавелира. КхоалгIачу раундехь цхьатерра леташ вара ший а спортсмен. Амма цул тIаьхьа, йоьалгIачу раундехь Саламов Iумара хIума тоха йолийра цунна. Цу кеппара нисделлачу хьелашкахь вайн спортсмена накауте вахийтира шен «довхо».

Цу тайппана, Саламов Iумарх юха а WBO версин Европин чемпион хилира.

Билгалдаккха догIу, нохчийн боксер шен корматаллин карьерехь кхойттаза летта хилар. Массо цхьаьнакхетарехь толамаш а баьхна. Царах цхьайттазза – хенал хьалха, иза цкъа а эшна вац.

А.ЛЕЧАЕВ

№ 71, шот, 27 июнь, 2015 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *