ТIерлойн тайпанан гулам хилира

ХIокху беттан 1-чу дийнахь Итон-Кхаьллан кIоштахь, ТIерлой-Махкахь тIерлой тайпанан гулам хилира. ХIокху шарахь иза дIабаьхьира тIерлойн Эршта юьртахь. Цигахь вовшахкхеттера республикин кIошташкара а, Россин регионашкара а, дозанал арахьара а эзар сов тIерлойн тайпанах стаг а, хьеший а, кхиберш а.

Веза хьаша санна гуламехь дакъалоцуш вара тIерлойн тайпанан вовшахтохараллин комитетан председатель, юридически Iилманийн доктор, профессор, яздархо Мусаев Iалавди а, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Мамакаев Эду-Хьаьжа а, Россин Федерацин халкъан суртдиллархо Полонкоев Мурат а, нохчийн вевзаш волу ийначу кепехь латархо, латаран самбо кепехула Россин чемпион, юкъарчу латарехула дуьненан а, Европин а чемпион Амагов Iадлан а, Россин Федерацин халкъан артист Самойлов Алексей а, тIерлойн тайпанан вовшахтохаран комитетан председателан заместитель, Нохчийн Республикин хьакъволу юрист Гушакаев Мохьмад а, Нохчийн Республикин халкъан артист Ясаев Мохьмад а, иштта, интеллигенцин кхиболу векалш а.

Билгалдаккха деза тIерлойн тайпанан векалийн гулам хIора шарахь дIахьош хилар. Цуьнан гурашкахь иштта дIахьо суртдиллархойн а, къоман кхачанийн а конкурсаш а, литературин ешарш а, къоман Iер-дахаран гIирсийн гайтамаш а, иштта дIа кхин а.

Гуламан Iалашо ю тIерлойн тайпанан массо а гаранийн векалш цхьаьнатохар а, ТIерлой-Мехкан историн-культурин тIаьхьало ларъяр а, шайн дай баьхна кхерч а, вайн къоман оьзда гIиллакхаш а, ламасташ а тIекхуьучу чкъурана довзийтар а, марздар а. ХIинцале денделла ТIерлой-Махкахь дахар: хIора шарахь дIахьош тайпанан а, гарийн а цхьаьнакхетарш ду, лаьмнашкахь саца луучунна садоIийлаш а, цIенош а дина, Никарахь, МоцIарахь, Оьшнахь меттахIиттийна, тодина хьалхалера маьждигаш, цига тIекхача бегIийла хилийтархьама, тайпанан векалша шайн чоьтах некъ биллина. Оцу гIуллакхашна лерина кхоьллина тIерлой тайпанан вовшахтохараллин комитет ю, комитета юккъе богIу тайпанан хIора гаранан векалш.

Тайпанан вовшахтохараллин комитетан председателан заместитела Гушакаев Мохьмада дийцарехь, тIерлойн тукхам шен дукхаллийца Нохчийчохь шолгIа меттиг дIалоцуш ду.

– Вайн Iалашо ю хIара кIошт денъяр, цунна лерина вовшахтохараллин комитет а кхоьллина, хIара меттиг куьце яло дуьйладелира вай. Уггаре а хьалха некъ бара кхуза билла безаш. Тхайн чоьтах юкъараллин фонд а кхоьллина, 70 километр сов некъ биллира оха, – бохура М.Гушакаевс.

Цо билга лдаккхарехь тIерлойн тукхаман векалийн инвестицеш кхузара маьждигаш а, бIаьвнаш а меттахIитторна а, шира кешнаш тодарна а, царна гуонаха керташ ярна а, некъаш дахкарна а тIехьажийна.

Гуламан дакъалацархошна юкъахь суьрташдахкаран а, байташ ешаран а, гайтамийн а къовсарш дIадаьхьира. Иштта, тайпанан хIора гаранан векалша кечйинера нохчийн къоман кхачанех йоьттина стоьлаш. Чаккхенехь толамхошна Сийлаллин грамоташ а елира, мехала совгIаташ а дира.

Нохчий Казахстане а, ГIиргIизойчу а дIакхалхале ТIерлой-Махкахь йолчу 43 юьртахь а, кIотарахь а нах бехаш хилла. Царна юкъахь ю Никара, Гезах, Желашка, Оьшна, МоцIара, Кхенах, Эршта, Кхоьричу, Сенах, Шуьнда, Элдапхьа, Боьшна, БархIа, Тиша БархIа, иштта кхиерш а.

Вайнах махках баьхча йохийна а, дуккха а шерашкахь тергамза лаьттина а йолу кхузара бIаьвнаш а, гIаланаш а, тIаьххьарчу шина тIамехь, ерриге а бохург санна, йохийна дIаяьхна лара мегар ду. Делахь а царна юкъахь наггахь Iалашъелларш а хаало, масала МоцIаройн бIов. Иштта, йохийнехь а, мелла а ларъелла ала мегар ду КIирда-БIаьвнаш олу бIаьвнийн комплекс. Шен ондаллица а, хазаллица а къаьсташ, кхиерш а санна, доккха историн-культурин маьIна долуш объект ю иза.

Билгалдаккха деза Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаьмнийн кIошташ меттахIитторна а, денъярна а боккха тидам тIебохуьйтуш хилар. Лаьмнашкара дахар дендарехь, шайн дай баьхна меттигаш меттахIитторехь мехала а, йоккха а гIулч ю тIерлойн тайпанан векалша хIора шарахь дIахьош болу гулам.

I.МУРТАЗОВ

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *