ТIерлой а, хьеший а юха а вовшахкхийтира

Дукха хан йоццуш, Итон-Кхаьллан кIоштарчу ТIерлой-Ломахь, Арстах цIе йолчу юьртахь дIабаьхьира хIорашеран тIерлойн тайпанан (тукхаман) рогIера гулам.

Дагадоуьйту, оцу тайпанан векалийн дIадолорца, 2013-чу шарахь дуьйна, хIора шарахь марха даьстинчул тIаьхьа, дIахьош бу и гулам.

Кхузахь гулбеллера Нохчийн Республикера хьовха, Москва гIалара а, Россин регионашкара а, дозанал арахьара а тIерлой. Иштта, кхуза баьхкинера кхечу тайпанийн дуккха а векалш хьеший, бевзаш болу культурин а, Iилманан а гIуллакххой, кхоллараллин интеллигенцин а, юкъараллин а векалш, кегийрхой. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Ахмадов Сайд-Iабдулла, физикин-математикин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент Дадашев Райком, юридически Iилманийн доктор, профессор, яздархо Мусаев Iалавди, филологин Iилманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин профессор Джамбеков ШаIрани, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Дадаев Сайд-Хьасан, пластикин хирург, «Дуьненан лор» преми шена елларг, меценат, спортсмен Баиев Хьасан, Россин Яздархойн союзан секретарь Голубничий Иван, яздархо, поэт Эльжуркаев Мохьмад, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дукхазза дуьненан чемпион хилла волу Хасимиков Салман, иллиалархой Минцаев Мовсар, Ясаев Мохьмад, иштта, ГIебартойн-Балкхаройн Республикера а, Кхарачойн-Чергазийн Республикера а хьеший а.

Кхузахь билгал ма-даккхара, тIерлой нохчийн къоман цхьа дакъа, исс тукхамах цхьа тукхам ду. ТIерлойн тайпанан векалша дийцарехь, уьш кхузахь гулбаларан бахьана а, церан Iалашо а ю шайн дай, дедай баьхна меттигаш йовзар, кегийрхошна хIокху меттигашка, лаьмнашка марзо кхоллар.

Нохчийчоьнан дуккха а бевзаш болу нах бевлла тIерлойн тайпана юкъара. Царна юкъахь бу гIарабевлла яздархой, поэташ, дуьненан тIегIанера спортсменаш, тIеман гIуллакххой, и.дI.кх.а. (яздархой Мамакаев Мохьмад, Окуев Шима, Абдулаев Зиявди, Абдулаев Леча, Маргошвили Юсуп, Маргошвили Султан, спортсменаш Амагов Iадлан, Байсангуров Заурбек, Байсангуров Хьусайн, иллиалархой Маккаев Султан, юридически Iилманийн доктор, профессор, яздархо Мусаев Iалавди, юридически Iилманийн доктор, адвокат Мусаев Мурад, Нохчийн Республикин Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита, юрист, юкъараллин гIуллакххо Гушакаев Мохьмад, кхиберш).

Тахана а вайн республика кхиорна юкъа шайн къинхьегаман дакъа дуьллу цара, вайн республикин куьйгаллин политикин некъаца нийса а догIу церан гIуллакхаш.

Кхузахь вистхуьлуш, Ахмадов Сайд-Iабдуллас билгалдаьккхира, тIерлойн тайпанан векалша, шайн коьртехь Мусаев Iалавди а волуш, тахана шайн дай баьхна ярташ тесна юьтучарна дика масал гойтуш хилар.

– ХIара тайпа мероприятеш мехала ю тIекхуьуш долу къона чкъор ийманехь кхетош-кхиорна. Кегийрхошна шайн орамаш довза деза, дайн гIиллакхаш а, ламасташ а лара а деза, – билгалдаьккхира цо.

Иштта, кхузахь вистхилира Голубничий Иван а. Ала дашна, оцу дийнахь ша вина де билгалдоккхуш вара иза: Россин Яздархойн союзан цIарах шуьга маршалла хатта а, шу а, шуьца цхьаьна дерриге вежараллин нохчийн халкъ а декъалдан а лаьа суна. Со ирсе ву, суо винчу дийнахь, шуьца цхьаьна суо волуш. Дуккха а хан ю со Нохчийн Республике вогIу а, нохчийн яздархошца оха цхьаьна пайдехь юкъаметтигаш лелайо а. Суна баркалла ала лаьа сайн доттагIчунна, юристана, юкъараллин гIуллакххочунна Мусаев Iалавдина. И бахьана долуш, оха кхиамца къахьоьгу нохчийн яздархошца цхьаьна.

Гулбеллачара билгал ма-даккхара, хIара тайпа гуламаш мехала бу кегийрхошна шайн дай мичахь, муьлхачу хьелашкахь баьхна хаийтарехь.

Оцу меттигийн дай тешна бу шаьш дIадолийна гIуллакх шайн бераша а, берийн бераша а хьакъ ма-дду дIахьуриг хиларх.

Ламасте дирзина ма-хиллара, гуламан гурашкахь Арстахахь дIаяьхьира тайп-тайпана конкурсаш: хьафизийн, литераторийн, суьрташдахкархойн. Толамхошна мехала совгIаташ дира. Иштта иллийн а, нашидийн а концертан программа а хилира. ТIерлойн хIора а гарано кхузахь кечйинера нохчийн даарех юьзна стоьлаш.

Нохчий, гIалгIай 1944-чу шарахь махках бахале, ТIерлойн-Махкахь, 40 сов юрт а, кIотар а хилла. Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа, хууш ма-хиллара, тIерлошна а, иштта кхечу тайпанех болчарна а ламанан меттигашка хьалабахар дихкина хилла. Ткъа тахана кхузахь гуш дерг кхин сурт ду. Вайн республикин куьйгалла бахьанехь, хIораннан а таро ю шайн дай баьхна ярташ меттахIитторна а, кхиорна а юкъа шен дакъадилла. Оцу Iалашонца тIерлойн тайпанан векалша 2013-чу шарахь тайпанан вовшахтохараллин комитет кхоьллира, иштта бIаьвнаш а, гIаланаш а, шира кешнаш а меттахIитторан а, кешнашна гонаха керташ яран а, некъаш дахкаран а Iалашонца юкъараллин фонд а кхоьллира. Цу хенахь дуьйна кхузахь меттахIоттийна масех маьждиг (Никарахь, Арстахахь, Уьшнахь (рузбанан маьждиг), меттахIоттийна, тойина масех бIов (МоцIара, Арстах), тодина кешнаш, дехкина 70 километр некъаш.

Делахь а, гуттар а кхузахь Iаш дукха бахархой бац. Ерриге а Нохчийчоьнан дозалла ду ТIерлойн-Махкара бIаьвнаш а, гIаланаш а, кхийолу архитектурин гIишлош а. Шен исбаьхьаллица, чIагIаллица евзаш ю Никарара бIаьвнаш, МоцIарара бIов, иштта, КIирда-БIаьвнаш олуш йолу бIаьвнийн комплекс.

ТIемаш болчу хенахь йохийна Нохчийчуьра, ерриге а бохург санна, бIаьвнаш, гIаланаш. Царех мелла а ларъеллачарна юкъахь ю вай билгалъяьхна йолу ТIерлойн-Махкара бIаьвнийн комплексаш.

Хууш ма-хиллара, хьалха заманахь, бIаьвнаш, гIаланаш ян кхузара говзанчаш кхойкхуш хилла Нохчийчуьрчу тайп-тайпанчу меттигашка, ГIалгIайчу, Гуьржийчу.

ТIаьхьарчу хенахь тIерлойн тайпанан векалша алссам болх бина ТIерлойн-Махкана юкъайогIуш йолу ярташ билгалъяхарехь, тIерлойн тайпанна юкъадогIуш долу гар маса ду билгалдаккхарехь, шайн дайн, дедайн, гаранийн, тайпанан сил-силаш дIаязъярехь, меттахIитторехь, иштта, дIабаьхьна ДНК белхаш. Оцу тIехь болх беш интернет-медиахь оцу тайпанах болчу нехан тоба а ю.

Цара чIагIдарехь, ТIерлойн-Махкана юкъайогIуш 24 юрт хилла, оццул долчу гаранех лаьтташ ду тIерлойн тайпа а. ХIорш ду и гараш: Арстах (арстахой), Бара (барай), Басах (басхой), Буьрта (боьртхой), Буьшна (боьшний), Гезах (гезахой), Гимара (гимарой), ГIеша (гIеший), Гуьйра (гурой), Дяхча (дяхчарой), Желашка (желашхой), Иди (идхой), Кхенах (кхенахой), Кхоьричу (кхоьричурой), Никара (никархой), МоцIара (моцIарой), Уьтта (оьттий), Уьшна (оьшний), Пежа (пежой), Пежбаса (пежбасхой), Сенах (сенахой), Хорсипхьа (хорсипхьарой), Шуьнда (шуьндий), Эльдапхьа (эльдапхьарой).

Дерзош ала лаьа, ТIерлойн-Махкахь дIабаьхьначу гуламан а, я оцу тайпанчу кхечу мероприятийн а еккъа цхьа Iалашо бен яц – кегийрхошкахь шайн дай баьхначу кхерчашка уьйр-марзо кхоллар, гергарлонаш чIагIдар, хьошалла деш, кхечу тайпанех болу нах кхайкхар, Нохчийчоьнан ламанан меттигаш денъяр.

I.МУРТАЗОВ
№46, асаран (июнь) беттан 21 де, 2019 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *