Iаламна а дазделлера-те цунах къастар?..

Карарчу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Нохчийн Республикин литературин юкъаралло билгалдоккхур ду нохчийн цIеяхханчу поэтан, прозаикан Окуев Хьамидан Шимин 80 ша кхачар.

ХIокху шеран асаран (июнь), мангалан (июль) беттанашкахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленис а, Нохчийн литературин гIолацаран гIоьналлин фондо а цхьаьна дIадаьхьира оцу юбилейна леррина долу хьалхара гIуллакх – яздархо винчу денна лерина литературин конкурс. Конкурсан жамIаш дар дIадаьхьира юбиляр винчу махкахь – ТIерлахь.

Ахчанца а, мехалчу совгIаташца билгалбехира профессоран, филологин Iилманийн докторан Джамбеков ШаIранин «Ш.Хь.Окуевн «Лай тIехь цIен зезагаш» романехь обаргаллин исбаьхьаллин-психологин парадигма» цIе йолчу монографин таллам, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет 2017-чу шарахь чекхъяьккхинчу Надаева Румисин «Юкъарадешаран школин лакхарчу классашкахь нохчийн литературин дарсашкахь Ш.Хь.Окуевн кхолларалла Iаморан кепаш» цIе йолу корматаллин болх, поэтан, журналистан Якубов Асланбекан «Окуев Шима: со Нохчийчоьнан некъаца дIавахана, кхидерг ца деза суна» цIе йолу телевизионни программа.

Юбилейн коьрта гIуллакхаш лахьанан беттан 11-чу дийнахь ширачу ТIерлахь дIахьур ду. И де тIекхачале Х.Нурадиловн цIарах йолчу Нохчийн къоман театрехь хIоттон дагахь бу Окуев Шима винчу денна лерина драматурга Ахмадов Мусас кечйина постановка. Цу тайппана гIуллакхаш дIахьур ду Соьлжа-ГIалин ВУЗашкахь а, Шуьйтарчу культурин цIеношкахь а, школашкахь а.

ДIадаханчу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь литературина юккъе баьхкинчу къоначу яздархойн чкъуран векалех цхьаъ ву Окуев Шима. Бераллехь махках ваккхаран къахьонан чам бевзина ву иза. Окуев Шимин поэзин кхолларалла кхиа а кхиъна, чIагI а елла кхузткъалгIачу шерийн поэташна Сатуев Хьусайнна, Гацаев СаьIидана, Арсанукаев Шайхина, Кибиев Мусбекана, Дикаев Мохьмадна, кхечарна юкъахь а волуш.

Поэзин дашца йолу зIе хада а ца еш, кхузткъе уьтталгIачу шерашкахь иза прозехь яздан волало. Цуьнан дуьххьарлера дийцарш – шен цу декъехь йолу говзалла зер дара. Цул тIаьхьа «ЧIиро бехдина сий» повесть язйира Шимас. Кхоллараллехь цуьнан керла лакхе яра роман…

Окуев Хьамидан Шима (1937–1986) Соьлжа-ГIалахь, гIуллакххочун доьзалехь дуьнен чу ваьлла. Делахь а, цуьнан бакъболу даймохк лорура даима а Шуьйта, дай баьхна мохк.

Шимас школа Казахстанехь чекхъяьккхина. Нохчийн дерриге а халкъаца цхьаьна махках ваьккхича кхаьчнера иза цига. Цул тIаьхьа дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Иза чекхъяьккхира цунах Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет йинчул тIаьхьа.

Шуьйтарчу Iаламан исбаьхьалло дика тIеIаткъам бира Ш.Окуевн похIмин башхаллаш гучуяхарна. Иза литературе поэт санна веара, амма цуьнан кхоллараллин башхалла, ницкъ гучубелира историн романашкахь.

Яздархочун лирикин байтийн «Сан Шуьйта» (1962), «Лаьмнийн аз» (1967), «Лаьттан дай» (1981) гуларшкахь, ткъа иштта «Чорин забарш» (1969), «ЧIиро бехдина сий» (1966) повестийн а, дийцарийн а гуларехь къеггина хаалора халкъан фольклоран зевне мукъамаш. Цуьнца цхьаьна цо яздеш долчо ешархошна юкъахь тайп-тайпана ойланаш а, къийсамаш а кхуллура. Цуьнан забарш ира а, хьехам беш а, хьекъал луш а, юкъараллехь долу айпе хIуманаш беламе дохуш а ю.

Цуьнан прозехь къаьсттина къегина гучудолу цхьана-шина дашца васт кхолла хаар, къамел маьIне хилар, дош доцца ала хаар, композицин дIахIоттам дика хилар. Делахь а, поэзис вовзийтира къона яздархо, гучудаьккхира цунна дуьне шатайпа гуш хилар. Шен хьалхарчу поэзин гуларехь къоначу поэта чIагIдо дахаран цIена бакъдерг: «Лаьттан уггаре а жимачу декъа тIехь а доккха дахар кхехкаш хилар» (М.Ахмадов).

Оцу а, кхечу а поэзин гуларшкахь Шимас дуьйцу ша шен дай баьхначу мехкан, хьомечу лаьмнийн кIант хиларх лаьцна. Цундела ешархойн дагах кхеташ ю цуьнан кхачалуш йоцу гIайгIа:

Шимин хьоме лаьмнаш
Хьулди бодано
Керчаш, текха мархаш,
Хьийзаш, догIу ло»
(«Лаьттан дай», 1981, 70 агIо)

Я довза шайна Шуьйтарчу буьйсанан исбаьхьа сурт:

Бай-бецан куза тIехь,
Тхин туьтеш лепадеш,
Стиглара седарчий
Эсала сегара…
(«Лаьттан дай», 1981, 31 агIо)

Iаламах сица а, ойланца а дIаийча бен язлург дац иштта могIанаш:

«Урх ийзош, екаеш гаьллаш,
Буьйса, шен дин сецош ю
Лакхахьара чукхийдаш, лаьмнаш
Хьаннашна барт бохуш ду»…

Лирикина тIегIертаро цуьрриг а новкъарло ца йира Окуев Шимин тематикин эпически шораллина, хиндолчунна хьалха тIаьхьенийн долчу жоьпаллин идейна. Авторан лирикин юкъадалораша, заманан лехамаша халкъан ламасташкахь болу къинхетам гойтура, халкъан Iаламца йолу аьхна юкъаметтиг, ойла йовзуьйтура. Масала, цуьнан поэзехь шовданан васт халкъан дахаран цкъа а кхачалур боцчу ницкъе доьрзу.

Иза халкъан дозалла хилла дIахIоьттина. Ткъа и халкъ халачу зерех чекхдаьлла махках даьккхинчу шерашкахь. Иштта вовшах хоттало дIадаханарг а, тахана долуш дерг а, Ш.Окуевн поэзин «таханлера» мукъам чIагI а беш.

Шина декъах лаьтташ йолу «Лай тIехь цIен зезагаш» роман-дилогин (1976, 1978) Кусаев Iадизана хетарехь, мах хадор а тайп-тайпана хилира диалектизм дукха хиларна а, мотт шен хатI долуш хиларна а. Изза ала догIу цул тIаьхьа араяьллачу «ЦIий, латтий» роман-трилогих а, «Юьхь» (1985), «ЦIий, латтий» (1987), «ТIаьххьара верас» (1993).

Оцу муьре диллича, яздархочун фольклористикин концепци тоъал майра яра. Иза билгал яра мифопоэтикин тIехьажам болуш хиларца. Иза уггаре а хьалха доьзна дара социалистин интернационализман оьмарехь къоман башхаллин проблема массо а агIор гайтарца.

Фольклоран, иза Iаморан, цунах кхеторан, иза йовзийтаран проблема хIора а регионан фольклористикехь а, литература талларехь а коьртачарах цхьаъ ю.

«Лай тIехь цIен зезагаш» романехь фольклоризман а, къомаллин а гIуллакх тоъал чолхе ду, ша и роман а санна. Роман чолхе а, вуьйлина латтош а ю шен сюжетаца, композицица, стилистикица, Iаьнарца, ойланца.

Оцу говзарна фольклоро Iаткъам бар дуьххьалдIа долчу цитаташкахь гучудаьлла ца Iаш, ткъа иштта, фольклоран поэтика орамашца дIаийна хиларехь а гучудолу.

Романехь гайтина халкъан поэзин, барта къамелийн маьIнийн а, вастийн а хьал долуш хилар. Тайп-тайпана халкъан иллеш, эшарш юкъаялорца цхьаьна шуьйра пайдаэцна вовшашца къамелаш даран кегийчу кепех, къа дехарх, тийжарех, узамех, дехарш дарх, айдардешнех, аьзнаш тардарх. Халкъан ламасташца нийса а догIуш, гойту Iалам а, Iаламера суьрташ а.

Окуев Шимас къоман амал гайтина халачу зерийн киртигехь. Историн а, халкъан а, къийсамийн а сурт хIотторехь бакъдерг дийцар а, цIена хилар а ду цуьнан амалехь. Цо и до халкъан бIешерашкахь дикаллин а, вуонан а хьокъехь хилла ойланаш, хьежамаш бовзуьйтуш, вуон а, дика а амалш дуьхь-дуьхьал хIитторца, царна юкъахь болчу къийсамца. Цуьнан историкин прозин коьрта чулацам хилла дIахIоьттина иза.

Прозаикан Ш.Окуевн коьрта сатийсам бара къеггина къоман кеп йолу говзар кхоллар. Цуьнга иза кхочура тайп-тайпанчу гIирсашца: фольклоран цитатех, фольклоран фразеологех, лексикех, къоман амал гойтучу къамелех шуьйра пайдаэцарца. Цуьнца цхьаьна цунна похIма тоьа къоман амалан, къоман «син», халкъан мехалчу башхаллин духе кхиа а, къайленашка кхача а.

Кхузахь шен метта хир ду, литература таллархочо Л.Ибрагимовс яздина ма-хиллара, авторан ойла йовзийтаран, материал дашца васт хIоттош охьайилларан «Окуевн некъах лаьцна» алар. Ш.Окуевн кхоллараллин шатайпа башхалла йолу халкъан дахарна дегазалла, цунах цавашар цахилар а экаме лиризм, Iиттарш яр, аьшнаш дар а цхьаьна догIуш хиларехь. Цуьнан кхоллараллехь цабезам хаало цIархазмана лелочуьнга, моттарханашка, дахар къаго, хаздан гIерташ доцург дийцаре».

Iилманчас нийса билгалдаьккхина ма-хиллара, яздархочун кхоллараллин коьрта тема ю «могIарерчу нохчичун, халкъана юкъарчу нохчичун кхоллам а, вад а кхоллараллин хоршахь гайтар. МогIарерчу адамийн дахар хаздеш ца гайтина, ша ма-дарра гайтина, «шен исбаьхьаллица» а, бIаьрла доцуш а. Автора хаа а хууш хоржу нохчашна юкъара цхьаболчарна товр доцу хьелаш а, суьрташ а. (Хьовса «Юьхь», «ЦIий, латтий» романашка).

«Герггарчу Малхбалера чудеанчу мегар долчунна а, магийна доцучунна а, соцреализман литературин нормина а юкъахь гечо а лоьхуш, натурализман поэтикех жигара пайда а оьцуш Ш.Окуевс исбаьхьаллин некъаца ма-дарра дуьйцу нохчийн юкъаралла муха яьхна а, муха ехар ю а».

Литературин къомаллин проблемо а, халкъан башхаллин лехамаша а яздархочуьнгахь хьашто кхуллу халкъан поэзин ерриге а говзаршна юкъара халкъан дIадаханарг гойтуш ерш схьакъасто. И бахьанехь литература стаг гайтарехь бакъдолчун некъаца дIайоьду. Фольклоро даима а елла меттан хьал долуш йолу
материалаш: юх-юха аларш, эпитеташ, дустарш, фольклоран шатайпа лексика а, фрозеологи а. Дахаран бакъдолчунна а, реализмана а гергга кхача гIо дина дог-ойла, тIеIаткъам гайтар лакхара хиларо.

Фольклорехь чIогIа мехала ю забар. Халкъ шен гIалаташна, кхачамбацаршна тIехь дела, забарш яха, вуьшта аьлча, дела а доьлуш царах дIакъаста гуьнахь долуш хиларо гойту халкъ даха доьналла долуш хилар, шен сий лардан хьуьнар долуш хилар. Кхузахь шен метта хир ду Шимас нохчийн литературехь уггаре а хьалха кхоьллина забарчин Чорин васт, лаьмнашкарчу ДIай (Шуьйтан кIошт) юьртахь и Iаш волуш санна. Цул тIаьхьа юкъабевлла ДуцIа а, Махьма а, гIалгIайн фольклоран турпалхо Цаген а, кхиберш а. Уьш берриге а вовшашна герга бо забарца шатайпа юкъаметтиг хиларо, дош ира хиларо. Цара гойтург, уггаре а хьалха, халкъан хьекъал ду, дахаран «прозе» самукъане, беламе суйнаш дан хаар ду.

Окуев Шимин забарийн а, юморескийн а книга цкъа арахецна Iаш яц. Иза оьрсийн матте а яьккхина (1971). Дика хир дара «Чорин забарш» книга Ш.Окуевн 80 шо кхочучу юбилейни шарахь а арахеца аьтто хилча.

Яздархочун романашкахь хаало фольклористийн тидам шираллина тIера хIокху заманна меллаша, жим-жима тIеберзоран билгало. Иза доьзна дара дуьненан фольклор мелла а лерина, кIорггера Iаморца, хIинцале а филологийн-фольклористийн белхашкахь хуьлучу дустарийн хьесапийн билгалонашца.

Окуев Шимин «Лай тIехь цIен зезагаш» романехь нохчийн къоман литературина керла йолу цхьамогIа билгалонаш ю. Цуьнан еккъа цхьана цIаро а лирикин-романтики нойла кхуллу, ша тайпа асаре а во.

Нохчийн литерутарехь метафоран цIе тилларан, уггаре а хьалхарачех цхьа масал, зеделларг ду иза. Бос а, серло а сенсорни тIеэцаран символики тIехь елла ю и цIе (вуьшта, и хилам дика бевзаш бу фольклоран
поэтикехь а, стилистикехь а).

Ш.Окуевн «Лай тIехь цIен зезагаш» романехь хьалхара кIорггера талламаш бар дIадаьхьначу А.М.Хусихановс а, М.Х.Шовхаловас а билгалдоккху ерриге а романехь а, цуьнан цIарехь а кIорггера метафоризм хилар. Церан белхаш башха хилар доллу Окуев Шимин хьокъехь яздина дерг кIезиг хиларехь. Яздинарг а, коьртачу декъана, нохчийн маттахь ду. Ш.Окуевн «ЦIий, латтий» трилогехь хьахийна ю Зеламха цIе (халахеташ делахь а, трилоги хIинца а оьрсийн матте гочъяза ю).

Окуев Шимин кхолларалла толлуш болчара (Хь.В.Туркаев, А.М.Хусиханов, Т.Б.Джамбекова, Л.М.Ибрагимов) цул тIаьхьа а тидам тIебахийтинера цунна.

Бакъду, цара хIинца билгалдоккхура говзаран историко-революционни маьIна а, нохчийн прозехь цуьнан къомаллин башхалла а. Карарчу хенахь вай тидам тIебохуьйту Ш.Окуевн текстийн метафоризман импрессионистски (оццу хенахь фольклоран ламасталлин бос оьцуш йолу) амална. Цул тIаьхьа иза кхидIа а кхуьу цуьнан махкахочун, цуьнан лорах вогIучу Ахмадов Мусан кхоллараллехь. Дуьззина схьаэцча, оцу авторийн белхаш Окуев Шимин кхоллараллин цхьайолу агIонаш талларехь мехала хазна ю. Ш.Окуевн дукхах йолчу говзаршкахь коьрта къийсам халкъан Iадаташ дохорна, къоман кхетам, амал талхорна, халкъан ша-тайпаналла, оьздангалла, культура дIаяккхарна дуьхьал бу.

Цундела цуьнан дилоги герга ю Мамакаев Мохьмадан а, Айдамиров Абузаран а историкин романистикина, концептуальни декъехь хилла ца Iаш, бакъдолчунна тIехь а, дуьйцург билггала хиларна тIехь а. Иштта, масала, А.Айдамировн «Еха буьйсанаш» романан коьртачу персонажех цхьаъ волу Алибек 15 шо долуш кIант хуьлу. Ткъа «Лаьмнашкахь ткъес» романехь (цул тIаьхьа 12 шо даьлча) иза коьрта турпалхо ву.

Оцу шина романехь 1864-чу шарера 1878-чу шаре кхаччалц йолчу хенахь нохчийн халкъан хилла дахар довзуьйту. Цул тIаьхьа тIекхочу «Дарц» романан хан – Зеламхин хан. Зеламха кхелха 1913-чу шарахь. Дукха хан ялале тIекхочу «иэелла зама» – Окуев Шимин «Лай тIехь цIен зезагаш» дилогин зама.

Ш.Окуевн «ЦIий, латтий» трилогехь эпизод ю Зеламха Шуьйта вогIуш. Окуев Шимин тайпанах волчу гергарчу стага, хьошалла деш, тIеоьцу иза. Цуьнца доьзна, дуьйцучунна тIера жимма дIахьовзар тардолуьйту оха тхайна. Шен хенахь (1970-чу шерашкахь со Окуев Шимица кIоштан газетехь Шуьйтахь болх беш вара).

ХIокху могIанийн авторех цхьамма цуьнга элира хьан романехь Зеламха Шуьйта кхачар башха тешош а, бакъхеташ а дац, аьлла (иштта Iамадора тхо Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь тхуна нохчийн литература хьоьхуш хиллачу хьехархочо, доцента Музаев Нурдис). ТIаккха цо, воккха вела а велла, элира: «Цу хенахь Зеламха миччахь а хила тарлуш дара».

Окуев Шимин трилогин «Юьхь» цIе йолчу книгехь юьйцуш ерг «Зеламхан хан» ю. Яздархо ша тIерлойн тайпанах вара. ТIерлойх Шуьйтахь беккъа цхьа доьзал бара – ОкуевгIеран доьзал. Кхеташ ду, Зеламха Нохчийчухула паргIат дIасалела йиш йолуш вацара. Фольклоран материалашца обарг Зеламха ОкуевгIаьргахь буьйса йоккхуш цкъа хилла ца Iара. Кусаев Iадиза тоьшалла дарехь, ОкуевгIеран дай баьхначу юьртахь (Шуьйтахь) Органан берда йистехь яздархочун деден Орцин а, цуьнан вешин а, Шуьйта гIопан талмажхо а, йозанча а волчу прапорщикан БецIин а цIенош хилла.

Зеламхица къаьсттина доттагIалла долуш хилла Окуев БецIа. Цу хьокъехь Ш.Окуевс «Юьхь» цIе йолчу шен хьалхарчу книгехь иштта яздо: «Кхоьссина тIедогIучу догIанехула паччахьан эскар, лорах обаргаш лоьхуш леллашехь, вуьйш-м цхьацца ваьлла хотехула дIаса а вахана, шайн хIусамашка буха а бирзина, садоIуш шайн-шайн цIахь Iаш бара.

Обарг Зеламха а, дистина догIучу Органах сехьа а ваьлла, Ваьрда-аьхка чухула хьала а вахана, Шуьйта гIаличохь, берда йистехь Iаш волчу шен доттагIчун Окуев БецIин хIусамехь сецира. Массо а некъ а, Iин а, хьуьнан хоти а дIалаьцна и ларъеш лаьттачу паччахьан Iедалан векалшна дагахь а дацара иза шайна юкъахь: паччахьо чIагIонна йоьгIначу гIали чохь, прапорщикца сакъоьруш, цуьнца буьйса йоккхуш цхьаьна ву бохург. Важа-м ша кхерамехь воций а, тешамечу хIусамехь вуй а хууш, БецIин вешин Орцин ши кIант Хьамиддий, Хьусайнний хелха а вохуш, цу шиннах дикаха ваьллачунна совгIатана ахча а луш, шен сакъоьруш Iара».

Цундела кхиадо Шимас шен кхоллараллехь (уггаре а хьалха «Лай тIехь цIен зезагаш» дилогехь) дуьххьара шен тайпанан вашас Мамакаев Мохьмада «Зеламха» романехь (1968) дуьххьара нохчийн литературехь айъина йолу обаргаллин проблема исбаьхьаллин талларан ламасташ. Иза дикка кIаргъярца а, шоръярца а цхьаьна оцу темина керла шовкъ елла ца Iаш, цо кхин а чолхе а йира, кIарг а йира цуьнан концепци.

…Окуев Шима дахарера дIавахара 1986-чу шеран гIуран (декабрь) беттан Iуьйранна, шен шовзткъе итт шо кхача масех бутт бисинчу хенахь. Шуьйтан Iаламехь а, ишттачохь олуш ма-хиллара, хийцамаш хилира. Оцу буьйсанна а, шолгIачу Iуьйранна а Шуьйтахь, саццаза ло дара дуьллуш. Доккха диллира иза. ЦIеношна, дитташна, некъашна «кIайн марчо» хьарчош.Кешнийн хьаьрма боьдучу новкъара бульдозерца дIадаккха дийзира ло.

Иштта къаьстира Iалам шен уггаре а похIме хиллачу цхьана илланчех, цо даггара хестайора оцу Iаламан исбаьхьалла, хазалла…

I.МУСАЕВ, юридически Iилманийн доктор,

Ш.ДЖАМБЕКОВ, филологин Iилманийн доктор

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *